Социальни гIишлошъярна – 1 млрд. 619 млн. сом

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан Правительствон Председательца Хучиев Муслимца. Церан къамел хилира Москва ваханчу хенахь М.Хучиевс цигахь бинчу белхан хьокъехь.

«Ша аьлча, Мохьмадан Муслиман беркате цхьаьнакхетар хилира Россин экономика кхиоран министран хьалхарчу заместительца Бабичев Михаилца. Церан барт хилла Нохчийчуьра социальни 4 объект СКФО кхиоран пачхьалкхан программи юкъаяхийта. Царна юкъахь ю коррекцин ши школа. Церан юкъара мах 1 миллиард 619 миллион сом бу. Карарчу шарахь оцу харжех 600 миллион сом гIуллакхе дерзор ду. Дисина ахча тIедогIучу шарахь схьадоуьйтур ду и гIишлош йина йовлийта. И проект кхочушъяр вайна Iаламат мехала ду. Оцу тайпана учреждени йоцуш ерг еккъа цхьа вайн регион яра. Итт шо хан яра вай цунна оьшу ахча даларе хьоьжуш долу», – бохура Р.Кадыровс.

Хучиев Муслима дийцарехь, оьшуш долу дерриге а тептарш кийча ду, билгалъяьккхина гIишлош ен йолу меттиг.

«ХIинца оцу гIуллакхна сагатдан оьшуш дац. Цуьнца цхьаьна керла ши школа йийр ю Хошкалдахь а, Беркат-Юьртахь а. Уьш 2021-чу шеран программи юккъе йохуьйтур ю…», – тIетуьйхира регионан Куьйгалхочо.

№47, асаран (июнь) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: