Банкийн картех пайдаэцар тIеттIа алсамдолуш ду

ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь Нохчийн Республикин бахархоша а, хьешаша а 2,5 миллиард соьмана харжаш йина эцначу хIуманех а, хьашташ кхочушдарх а банкийн платежни картех пайда а оьцуш.

Юкъалелош ахча а доцуш операцеш яр хIокху шарахь 82,5 процентана алсамдаьлла, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича.

Юкъалелош ахча а доцуш, карташца транзакци лелор 4 миллион операцел а тIехдаьлла, 4-зза алсам а долуш.

«Эквайринг тоьлаш хилар гуш ду совдегаршна санна, бахархошна а. Компанеша инкасацина еш йолу дуккха а харжаш кхоайо, кхиайо геннара хьашташ кхочушдаран а, йохкаран а кепаш. Цуьнца цхьаьна дIайовлуш ю туьканашкахь хуьлуш хилла раьгIнаш. Бахархоша лаккхара мах хадабо банкийн картийн, уьш лелон а, царах пайдаэца а атта а, бегIийла а хиларна, бонусаш эца а, сурсаташна тIера мехаш охьабаха а таро хиларна», – бохура Россин Банкан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин урхалхочо Тамаев Iийсас.

ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, муниципалитеташкахь а платежни карташ схьаэцаран гIирсаш дIахIиттор 25,3 процентана алсамдаьлла, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича.

Дустархьама билгалдоккхур вай Россехь (кхечу ерриге а регионашкахь болчу юкъарчу гайтамца) цу тайпана гIирсаш дIахIиттор кхиаран барам 16,8 процент хилар.

№47, асаран (июнь) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: