«Мордовия» – «Терек» – 1:0

IMG-20150527-WA0002

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 29-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Саранскерчу «Мордовия» командица.

Майданан дай: А.Коченков, В.Васин, Е.Гапон, Р.Нахушев, О.Власов (А.Дудиев, 46), И.Ниассе, Л.Эбесилио, Я.Джалу (М.Дональд, 82), С.Самодин, Д.Ле Таллек, П.Яковлев (Игнатович, 59).

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Р.Уциев, А.Семенов, Ф.Кудряшов, М.Коморовски, И.Айссати, И.Лебеденко (А.Аилтон, 84), Ж.Мауриссио (Ф.Пириз, 85), О.Иванов, В.Адилсон (М.Рыбус, 64), А.Мбенгуе.

Коьрта суьдхо Еськов Алексей (Москва).

Соьлжа-ГIалара «Терек» еврокубкашна юкъахь дакъалаца таро луш йолчу ялхалгIачу меттигна гена ю, иштта хьалхарчу дивизионе охьаяла а кхерам бац. СоьлжагIалахоша йисинчу шина матчехь толамаш баьхча а, эшча а турниран таблицехь кхин боккха хийцам ца хуьлу. Бакъду, вайна массарна ма-хаъара, таблицехь хила хийцам бацахь а хIора команда толаме кхача гIерта.

Цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь майданан дай дикка гIолехь ловзура хьешел. Амма вайн республикин коьртачу командо жим-жима тоттуш ловзар «Мордовиян» кевне теттира. СоьлжагIалахошна юкъахь дуьххьара кхераме тIелатар дира вайн защитника Кудряшов Федора. Амма цо тоьхна буьрка масех сантиметр кевна тIехула елира. Цул тIаьхьа гол тохарца билгалвала гергавара тIаьхьарчу кхаа турехь йиъ буьрка тоьхна волу Мбенгуе Аблай. Бакъду, иза шен Iалашоне ца кхачавелира. Хьалхарчу таймехь мел кIезиг а ши буьрка тоха таро яра Мбенгуен. Амма цуьнга счет схьа ца еллаелира. Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» шайн гIуданера схьа ца бовлуьйтура меттигера футболисташ. Ткъа командаш садаIа яха пхийтта минот йисинчу хенахь коьртачу суьдхочо Еськов Алексейс пенальти тоха бакъо елира майданан дайшна. Амма Джалу Яннике пенальти чу ца тохаелира. ШолгIачу таймехь а соьлжагIалахой дикка гIолехь ловзура.

56-чу минотехь Кудряшов Федорна цIен карточка гайтинчул тIаьхьа жим-жима кхерамаш тийса йолаелира меттигера команда. Иштта 61-чу минотехь гол а туьйхира. ЖамI 0:1 долуш ийшира вайн команда.

Премьер-лигин тIаьххьарчу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат-аренехь» цхьаьнакхетар ю Екатеринбургерчу «Уралца».

А.АБДУЛАЕВ

 еара, 28 май, 2015 шо, № 58

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: