Республикехь чохь Iеран раж а, «стоп-колеса» а чекхъяьлла

Нохчийн Республикехь оршотан, асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь дуьйна чекхъяьлла чохь Iеран а, «стоп-колеса» а раж.

Делахь а, чохь Iеран раж чекхъяьллехь а, кхочушдан дезар ду COVID-19 цамгарх бахархой ларбарца доьзна долу Роспотребнадзоран тIедахкарш – туьтмIаьжигаш лелорна тIеракхечу адамашца юкъаметтиг латторна тIекхаччалц.

Иштта, хIинца а дихкина ду дуккха а адамаш гуллуш йолу мероприятеш дIаяхьар. Цунах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана коронавирусца къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан рогIерчу кхеташонехь.

Адамаш дукха гуллуш йолу мероприятеш дIаяхьар хIинца а дихкина ду. Тойнашкахь, тезеташкахь, мовладашкахь дукха адамаш гулдалар а, къевлинчу гIишлошкахь йолчу кхачанийн преприятеша а, цхьайолчу спортан объекташа а болх бар. Коронавирусан ун ца даржийта оха кхидIа а лерринчу тергонехь латтор ду дозанашкахь долу хьал. Бахархоша хьалха санна кхоччуш лардан деза Роспотребнадзоран тIедахкарш. Цул сов, Соьлжа-ГIала йогIучу авиарейсийн пассажирашкахь COVID-19 цамгар цахиларан хьокъехь тоьшаллин кехаташ а хила деза, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, коронавирусан цамгарца доьзна долу хьал тергонехь ду.

I.ТЕРЛОЕВ
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: