Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтина Францерчу Дижонехь хиллачу хиламийн хьокъехь дуьйцучу а, гойтучу а муьрехь, шуьйрачу хаамийн гӀирсаша, цигахь хилларг къаьмнашна юкъахь дов долуш санна сурт хӀотторна ша хиллане а резацахилар.

Цо билгалдаккхарехь, меттигерчу Ӏедало наркотикаш юхкучаьрца долчу гӀуллакхна терго цаяро динера тӀекхуьуш долу чкъор декхарийлахь и гӀуллакх шайн караэца.
«Дижонерчу наркодилерша гӀело йинера шен доттагӀчунна тӀехӀоьттинчу 16 шо долчу нохчичунна. И бахьана долуш, могашаллина боккха иэшам хилла цунна. Оцу зуламна дуьхьал Ӏедало шен болх бина цахиларо гӀоьнна гӀовттийна бара кӀентан махкахой. Соьга хаьттина хилча – нохчаша динарг суна нийса хета-кх. Цара динарг шайна хеттарг дац! Наркотикаш юхкуш а, яржош а болчарна дуьхьал арабевлла бара уьш. Дижонерчу бахархошна а и наркодилерш бале бевлла хиларх тешна ву со. Цундела яьржаш ю соцсеташкахь нохчаша динарг къобалден видеош», – яздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен агӀонехь.
Иштта, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина зуламе къам хуьлуш цахилар.
«Маггане а мегар дац къаьмнашка а къестош, адамашна юкъа питанаш тийса а, уьш вовшийн дуьхь-дуьхьал хӀитто а», – йовзийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо шен ойла.
Чаккхенехь, наркотикаш а яржош, зуламаш дечаьрца къийсам латто безара аьлла, кхайкхам а бина цо.
Кадыров Рамзана шеггара я цигарчу хиламехь дакъалоцуш нохчий бара аьлла дина къамел дацара иза – шен бух а болуш, и бух бакъонна тIехь а болуш, и бакъо нохчашкахьа а йолуш хьал дара цигахь нисделларг. Цундела хIоьттира Нохчийн Республикин Куьйгалхо шен махкахошна тIе.
Кхиъна богIучу божарийн тобано, тIе а кхетта а, 16 шо долчу нохчийн кIантана йиттина ца Iаш, тIе герз а хьажийна, аьлла а ма-хиллера, «дIакхачаде шайчаьрга, изза хир ду шуна массарна а», – аьлла.
И гIуллакх Iедале а даьккхина, кхидIа зуламхашна тIехь бан богIу болх Iедало баллалц Iийна нохчий, меттигера Iедал хIумма а дан дагахь цахилар билгалдаьлча бен гулбелла а бацара Дижонехь. Тахана цхьаммо а харц дан йиш а йоцуш, хила даьлла хIума ду иза.
Иштта, Iаьрбийх а, Iаьржа чкъор долчу нахах а леташ а бацара цигахь нохчий – уьш наркодилершца леташ бара, цара цхьана кIантана гIело ярна а, герзашца кхерамаш тийсарна а, нахана юкъахь зуламаш даржорна а.
Ткъа наркодилер, иза мел кIайн а, тIехъIаьржа а хиларх, наркодилер ву… Нохчи а вац иза, Iаьрби а вац я францхо а вац-кх… Наркодилер ву-кх иза. Наркодилер я ша даржочу зуламо (наркотикаша) сацаво, я Iедало сацаво, я, гуш ма-хиллара, нохчаша сацаво-кх.
И.ИСЛАМОВ
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо