Францерчу Дижонерчу хиламех лаьцна хазаза наггахь а стаг висина хир вац… Социальни сеташкахула, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула, мессенджерашкахула даьржира цигара сурт…

Хууш ма-хиллара, Дижонерчу наркодилерша нохчийн 16 шо долчу кIантана гIело а еш, герзаца кхерамаш тийсарна тIера дIадоладелла дара дерриге а. Аьлча а, и гIуллакх нахаладаьлча а, меттигерчу Iедало шен болх цабар бахьана долуш…
Франци ма-ййу бехачу нохчийн кIенташа оцу гIала схьа а гулбелла, къамеле кхайкхинчу наркодилерша герзаш а кхийсинера. ТIаккха а Iедало шен болх цабаро дарбинчу нохчаша, оцу гIалин инфраструктурина цхьана эппазна а зен а ца деш, билггал болчу оцу наркодилершка жоп деха долийнера… Цкъа делахь, дийнна тобано нохчийн кIантана еттарна а, цунна тIе герз а хьежош, кхерамаш тийсарна а, шаьш къамеле кхайкхича, юха а герзаш кхийсарна а. Хьал иза дара.
Лакхахь ма-яздарра, Дижон масех дийнахь дIаевзира дуьненна а… Иза йовзийтира нохчаша а, наркодилершка, деха ма-деззара, жоп дехарна а, нохчашна баркаллаш бохучу меттигерчу бахархоша а, кхийолчу меттигашкарчу франкахоша а, шуьйрачу хаамийн гIирсаша а.
Амма Россерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша динчух хIинца а кхета хала ду… Хала ду аьлча а, кхеталуш а вац, хIунда аьлча, цара Дижонера хиламийн бух а, сурт а дерзийнера… Бертал.
Францерчу «CNEWS» а, «BFM TV.» а, «SUD RADIO» а, «FRANCE 5» а, «RMC» а, «LE BEN PUBLIC» а, «FRANCE 3» а, иштта, кхиболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша, Дижонера хьал дуьйцуш, нохчашкара интервьюш а оьцуш, нохчаша динчух цец а буьйлуш, нохчаша динарг даз а деш, дуьненна а дIагайтина сурт бертал дерзийра Россерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша.
«LENTA.RU» тIехь «Чеченцы с битами устроили самосуд над эмигрантами во Франции», «Новая Газета» тIехь «Дикая «битва» в Дижоне», «Аргументы и Факты» тIехь «Что за история с выходцами из Чечни, устроившими беспорядки в Дижоне?», «ТАСС» тIехь «Участникам беспорядков в Дижоне может грозить до 10 лет тюрьмы», «Эхо Москвы» тIехь «Полиция во французском Дижоне проводит спецоперацию после столкновения чеченцев и арабов», и.дI.кх.а.
Иштта «довзийтира» Дижонехь хилла сурт Россерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Я нохчашкара интервьюш а ца ийцира, я говзанчашца дага а ца бевлира… Доцца аьлча, шайн ма-хуьллу бехкебира нохчий.
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо