ХIокху деношкахь СоьлжаГIаларчу «Грозный» (Северный) аэропортехь цуьнан куьйгаллица кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама. Иза йоьзна яра кестта аэропорт хьалхалеррачу рожехь болх бан йолалург хиларца.

– Суна Нохчийн Республикин бахархошка а, вайн регионал арахьа бехачу вайн махкахошка а хаза кхаъ баккха лаьа. Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца вайн республикехь хIинца дIабоьдуш чохь Iеран раж малъяран шолгIа мур бу. Тахана дIаяьхьначу кхеташонехь оха сацам бина СоьлжаГIалара дIа а, Соьлжа-ГIала схьа а мел йолу авиарейсаш меттахIитто. И дан вайн аьтто баьлла COVID-19 цамгарна дуьхьал вай шен хеннахь къийсам латтор бахьанехь. Регионан дахаран дерриге а дакъошкахь долу хьал лерринчу тергонехь ду, – бохура Делимханов Адама республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташка.
Цо дийцарехь, аэропорто юьззина меттахIоттор ю республикин авиазIе. «ЮТейр» авиакомпанин кеманаш «Соьлжа-ГIала – Москва – Соьлжа-ГIала» маршрутаца хIора дийнахь дIасалела дуьйлалур ду. Герггарчу хенахь дийнахь кхо рейс ян дагахь ю и авиакомпани.
Хьалхо аэропортан куьйгалло хаам бинера, регионехь Санкт-Петербург а, Сургут а гIаланашца авиазIе меттахIотто шаьш дагахь хиларх лаьцна (мангалан (июль) беттан 6-чу дийнахь дуьйна).
Таханлерчу дийнахь хууш ду Соьлжа-ГIалара Дона-тIера-Ростов гIала йолу рейсаш меттахIитториг хилар. Барт хилла республикин пачхьенера Аштаркхане, Краснодар, Новосибирск, Сочи гIаланашка а кеманаш дIасалела дуьйладалийтаран хьокъехь а.
А.Делимхановс билгалдаьккхира, шайн долахь йолчу транспортаца а, кеманца а республике богIучаьргахь коронавирус цамгар шайх кхетта цахиларна тоьшалла деш йолу справка хила езаш хилар. И яккхархьама билггал йолу медицинин тесташ дIаяла еза.
Иштта, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата «Грозный» аэропортан куьйгаллина тIедиллира кеманна тIе ховшале берриге пассажирашка лоьраш хьовсийтар.
«Справка йоцуш республике цхьа а воуьйтур вац. Гражданийн кхерамазалла ларъярхьама деш ду иза», – элира Делимханов Адама.
Авиарейсаш меттахIитторан а, Соьлжа-ГIалара кеманаш дIасалеларан географи шоръяран а болх пассажирашна атта а, бегIийла а хилийтаран Iалашонца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIахьош бу.
Дагадоьуйту, бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь дуьйна, республикера авиарейсаш цхьана кемане кхаччалц лахйинера коронавирус цамгарна дуьхьал къийсам латторан гурашкахь.
I.МУРТАЗОВ
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо