Халкъан иэсехь даиманна а ваха а, оцу халкъо шех дозалла дан а вуьсуш ву шен халкъан дуьхьа дахар дIаделларг, шегара стогалла, къонахалла, турпалалла гайтинарг. Нохчийн халкъ тIеман цIергара схьа а даьккхина, иза машаран некъа тIе даьккхина, цунна нийса къилба гайтина волу Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шегахь и сийлахь амалш хилла ца Iаш, нохчийн халкъо къобалвина баьчча а вара, кIорггера Iилма долуш Iеламстаг а вара. Цундела иза хьакъ а ву халкъо шен иэсехь латто. Цо иза латтош а ву. Цуьнан цIарах вайн махкахь а, дозанал арахьа а урамаш, маьждигаш, хьуьжарш, майданаш, хинкеманаш, юкъараллин фондаш, иштта дIа кхиерш а ю. Царалахь уггаре а цIеяхна, дуьненан йиъэ а маьIIехь евзаш, боккха сий-ларам болуш ю Кадырова Айманис вовшахтоьхна йолу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд.

Нохчийн халкъан баьччин цIарах йолу фонд Несин Айманис 2004-чу шарахь вовшахтуьйхира. Юьххьехь дуьйна а фондан президентан коьрта Iалашо яра гIийла-миска бохкучарна, лазарца бала хьоьгучарна, чуваха хIусамаш йоцучарна гIо дар, сагIанаш дахар, республикехь а, цул арахьа а дIахьош долчу къинхетаман гIуллакхашкахь дакъалацар.
Оцу Iалашонашкахь кхин а чIагIъелла, гIонакъосталла даран гIуллакхаш шо-шаре даларца тIеттIа алсамдохуш схьайогIуш ю фонд. Баккхийчеран чкъурах болчарна дика дагадогIу 16 шо хьалха, фондо шен болх дIаболочу шарахь, республикехь хилла долу чолхе хьал.
Некъо гола мел тухучохь дIахIиттийна федеральни эскарш дара, церан блокпосташ яра, дуьненаюкъарчу терроризман декъашхошна, вахабиташна дуьхьал дIахьош хилла луьра къийсам чекхбаьлла бацара. Маьрша дацара вахар-вар. Оцу кхерамечу хьелашкахь, фонд вовшах а тоьхна, тIамо гIелдинчу, цамгарша лаьцначу берашна, зударшна, баккхийчарна гIо дан, сагIанаш дала йолаелира Несин Аймани. Йоккха турпалалла а, деган комаьршалла а яра цо шегара оцу муьрехь гайтинарг – дукха хан ма-яцара цуьнан доьзалийн да, нохчийн халкъан баьчча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, халкъан а, маршонан а мостагIийн ямартло, тешнабехк бахьанехь, декъала хилла. Дуьненан меха волу доьзалан да дIаваьлча шен Iовжийна дог, шен синлазам ца гайтира цо. Иза, цуьнгара нийсонан а, бакъонан а байракх шен кIанте а кховдош, нахана орцанна гIаьттира. Мел доккха доьналла хила деза и дан. Ма йоккха сийлалла а ю-кх иза! Вай вешан ойла йича хаьа-кх вайна иза.
Фонд вовшахтоьхначул тIаьхьа дIадаьллачу ялхитта шеран цхьа а де (7 эзар гергга) дIа ца даьлла Кадырова Айманис гIоьналлин куьг ца кховдош. Фонд тоххарехь дуьненаюкъара хилла дIахIоьттина, «регионан» цIе лелош елахь а. Цо гIо-накъосталла дина Шемарчу, Ливерчу, Иорданерчу, Хонкарарчу, Сомалерчу, цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошна. Кест-кеста хаамийн гIирсашкахь го вайна Шемарчу, Ливерчу, кхечу пачхьалкхашкарчу мухIажаршна фондо дахьийтина кхачанан сурсаташ, кхиерг дIасайоькъуш. Иштта, хIокху юкъараллин организацин чоьтах меттахIоттийна Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабан Халидан (Дела реза хуьлда цунна) цIарах долу Шемара маьждиг.
Хьаххийначуьра аьлча, Нохчийчуьра дерриге а зераташ оцу фондан чоьтах меттахIиттийна ду. Несин Айманин комаьршаллица иттаннаш маьждигаш дина вайн республикехь а, цул арахьа а. Цуьнца цхьаьна меттахIиттийна иттаннаш дарбанцIенош, эцна дархошна дарбанаш лелорна оьшу кхузаманан тоьлла медицинин гIирсаш, молха-маха, кхиерг. ХIокху цхьана статьяхь эттехьа а дийцина вер вац Кадырова Аймани президент йолчу фондо динчу дерриге а гIуллакхех лаьцна. Уьш эзарнаш а ду. Царах цхьадерш хьахоле хьалха дагадаийта лаьа цо хIора шарахь гIурбанан дезачу деношкахь Нохчийчохь а, гонахарчу регионашкахь а, цу юкъахь ГIалгIайчохь, Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь, Кхарачойн-Чергазийчохь, ХIирийчохь, шен чоьтах эзарнашкахь даьхний а оьцуш, цигарчу бусалбанашка гIурбанаш дойтуш хилар. Оцу Iийданан марзонах ца боху Нохчийчуьра гIийла-миска, гIурба дан таро йоцу бахархой.
Суна хетарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондан чоьтах кхочушйинчу дуккха а проекташна юкъахь уггаре а мехала а, коьрта а ю, Ахьмад-Хьаьжин лаам кхочуш а беш, Соьлжа-ГIалахь маьждиг даран проект. Европехь а уггаре а доккха долчу цунах «Нохчийчоьнан дог» алар а, цунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тиллар а вайн халкъо чIогIа къобалдеш тIеийцира. Иштта, Шела гIалахь дина Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах долу маьждиг вайн халкъо дозалла деш хазна ю. Шела шахьар къагийна цо. Фондо кхин хIумма а дина ца хилча а и ши маьждиг тоьар дара цуьнан цIе халкъан иэсехь йисийта, цунах дозалла дан.
Амма, хууш ма-хиллара, дуьненан йиъэ а маьIIехула даьржина фондан беркат. И беркат хаддаза Нохчийчоьнах хьерчаш а ду. Цуьнан чоьтах бIеннаш машенаш елла республикин бахархошна, цу юкъахь тIеман ветеранашна а, заьIапхошна а. Цо шен чоьтах латтош ю хьафизийн кхо хьуьжар. БIеннаш петарш елла шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн доьзалшна, ткъа иштта, вайн регионан МВД-н, культурин, могашаллаIалашъяран белхахошна, гIийла-миска бохкучу бахархошна, буоберашна, кхечарна. Цуьнца цхьаьна дуккха а ярташкахь, цу юкъахь Веданан, Гуьмсан, Нажи-Юьртан кIошташкахь керлачу цIенойн яккхий каппаш йина. И болх тахана а дIахьош бу.
Къаьсттина хьахо лаьа цомгашнаш Россин кхечу регионашка а, дозанал арахьа а дарбанаш лелон хьовсорах лаьцна. Оцу гIуллакхна хIора баттахь яккхий харжаш йо фондо. Цуьнца цхьаьна боккха тидам тIебохуьйту ДЦП йолчу берашна дарбанаш леладайтарна. Оцу Iалашонца кхочушъеш ю «Къоман могашалла» программа. Цуьнца нийса а догIуш, цу тайпана цамгарш йолчу берашна дарбанаш лело Германера, Чинера, кхечу пачхьалкхашкара тоьлла говзанчаш кхойкху республике, вайн бераш дозанал арахьарчу дарбанцIеношка а хьовсадо, церан хьашташна ахча а луш.
Гуш ма-хиллара, адамийн дахаран цкъа а дакъа дац Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондо дакъа ца лоцуш. Нохчийчоь кхиорна, цуьнга зазадаккхийтарна цо юкъаюьллуш йолчу хазнин мах хадийна а вер вац. Вайн махкахь хьовха, дерриге а дуьненахь коронавирусан ун даьржича, кхечу юкъараллин организацеша, фондаша шайн болх сацийначу муьрехь хIокху фондо мелхо а жигарабаьккхира шен къинхетаме болх. Иза тахана а лаккхарчу жигараллица дIахьош бу. ХIора дийнахь эзарнаш бахархошна сагIина дIасадоькъуш ду кхачанан сурсаташ. Цуьнан дакъа кест-кеста кхочу Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу бахархошна а. Вайн цхьа а къано, гIийла-миска стаг ца висина цо хIокху муьрехь гIонакъосталла ца деш (ахчанца, кхачанан сурсаташца, кхечуьнца).
Фондан 16 шо кхачарца Несин Аймани а, цуьнан тешаме накъостий а даггара декъал а беш ала лаьа: «Дала шен дуьхьа лорийла аш деш долу дерриге а гIуллакхаш! Везачу Дала къобалдойла шун сагIа! Халкъан а, Нохчийчоьнан а дуьхьа кхидIа а иштта къахьега Дала хьуьнар а, ницкъ а, могашалла лойла хьуна, Аймани. Ткъа доьналла хьоьгахь долуш ду».
С.ХАМЗАТОВ
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо