Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима белхан цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместительца – финансийн министраца Тагаев Султанца а, къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министраца Баширов Iусманца а.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира къинхьегаман рынкехь карарчу хенахь долу хьал.
«COVID-19 пандеми йолчу хьелашкахь вайна билгалдолу балхахь боцурш алсамбовлуш хилар. Карарчу хенахь белхазаллин тIегIа 14,3 процент ду», – хаам бира М.Хучиевс.
Ткъа I.Башировс дийцира белхан меттигаш паргIатйовларна а, балхахь боцучу нехан барам алсамбаларна а тIехь шайн министерствос хаддаза терго латтош хиларх лаьцна.
«Цуьнца цхьаьна республикехь кхиамца кхочушдеш ду бахархойн ханна гIолацарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш. Цуьнга хьаьжна ца Iаш, республикин экономика а, социальни дакъа а кхидIа а тешам боллуш кхиоран Iалашонца дерриге а дан деза белхазаллин тIегIа дикка лахдархьама», – элира Правительствон Председатела.
Цо цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу министрашна тIедиллира белхазалла лахъяран а, бахархой балхаца хиларан тIегIа хьалха хиллачу бараме дIакхачоран а декъехь дан леринарг шена йоццачу хенахь довзийтар.
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо