Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю УЕФА-н куьйгаллица вовшахтоьхна матчаш

Европин футбольни ассоциацийн союзан (УЕФА) кхочушдаран комитетан векалша сацам бина УЕФА-н Iуналлица Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионехь матчаш дIаяхьа бакъо яларна.

И сацам даггара къобалбина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Воккхаве иштта хьекъале а, нийса а сацам бина хиларх. Кавказехь, цу юкъахь Нохчийчохь а, российски футбол кхиорна керла шовкъ лур ю цо. Со тешна ву оцу сацаме сатесна СКФО-ра миллионаш футболъезархой хилла хиларх. Уьш а ма бу Европера тоьлла топ-клубаш шаьш долчохь ловзуш хьовса лууш», – яздина республикин Куьйгалхочо соцсетехь йолчу шен агIонехь.

Дуьненаюкъарчу футболан матчаш Къилбаседа Кавказан берриге а махкахь дIадахьар дихкина дара 2013-чу шарахь дуьйна.

Хь.САИДОВ
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: