Федеральни антимонопольни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхалло талла долийна цIеххьана газомоторни ягоргана (газана) мехаш тIетохаран бахьанаш.

Оцу урхаллехь хаам бира талламаш бар шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь цу хьокъехь публикаци хиллачул тIаьхьа дIадолийна хиларх лаьцна.
Дагадоуьйту, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахоша хьалха хаам бира республикехь газан мах цIеххьана ялх соьмана лакхабаьлла хиларан хьокъехь.
Асаран (июнь) беттан юьххьехь газан цхьана литран мах 17 сом бара. Цул тIаьхьа цхьа-ши кIира даьлча цуьнан мах 20 соьме хьалабелира.
Цхьа кIира сов хан ю хIинца машенашна юттуш йолчу газан цхьана литран мах 23 соьме хьалабаьлла.
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо