Зуда яло доьлхуш-м кхо машен а сов яра

Зуда ялор, къона шиъ вовшашна деза а дезаш, вовшийн амал а тайна, цхьаьнакхетар, цара доьзал кхоллар доккхачу маьIне, Iаламат мехала гIуллакх ду. Иза деза де ду. Ирсе де ду. Иза иштта хилла дисийта деза вай, вайн хьикматечу гIиллакхашна а, ламасташна а тIе а тийжаш.

Ишттачохь маггане а мегар дац дозаллаш дар, кураллаш яр, нахе тамаша байта гIертар, суьрташ хIиттор. ЦIена а, экаме а долчу зуда ялоран гIиллакхах, Iадатах тIаьхьарчу хенахь мелла а дIахьовза гIерта вай, нахе тамаша байта хIуманаш лелош.

Оцу могIарера ду зуда яло, децIера араяккха 20–30 а, цул алсам а машенаш, оцу машенашка ховша адамаш вовшахдеттар, машенаш уггаре а тоьлларш хилийта гIертар.

Эрна хIуманаш ду уьш, ца оьшу IалагIожа ю. Вайн дайша лелийна а, тардалийтина а дац, керла доьзал кхуллучохь цу тайпана хIуманаш.

Цхьадерг вайна дага а догIуш хилла а, лелла а ду. ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь а, 60-чу шерийн юьххьехь а вайн ярташкахь зуда яло 1–2 ворданахь боьлхура. Кхин тIех гIар-гIовгIа йоцуш иза, там-мах бой, схьа а ялайора. Оьзда а, хаза а, гIиллакхе а дара иза йоьIан дай-наношна гергахь а, юьртахошна хьалха а.

Цул тIаьхьа зуда йоссийначохь (хIинца и гIиллакх юкъара дIадаьллачу новкъа ду) синкъерам бора, нускал долчохь марзахойх болу кегийрхой, мехкарий вовшахкхетара.

ХIинца а ца оьшура совнаха адамаш, машенаш вовшахъетта, урамашкахь, некъашкахь ченан кIур гIиттош, тормозаш цIийзош, некъан бакъенаш талхош уьш хехка, вовшашца харц йохье а буьйлуш. Ишттачохь некъахьовзамаш а, бохамаш хуьлуш, машенаш йохош, адамаш лазош меттигаш нисло.

И хIума дита дезара вай. Вайн сий-ларам цо хьала а ца боккхура, нах хIинца цунах цец а ца бовлура. Цецвала хIума диса а дисний хьовха тахана. Зуда яло (араяккха) доьлхуш ши-кхо машен тоьаш ю. Цхьана машенахь мах-там, урдо бохучуьнца дерг къасто, цуьнан йист яккха молла (юьртарчу маьждиган имам я къеда) а, цуьнан ши-кхо накъост а, шолгIачу а, кхоалгIачу а машенахь марзахойх болу кегийрхой. Царал дукха ерш сов ю оцу гIуллакхна.

Оцу шина-кхаа машенахь нохчийн Iедалехь (гIиллакхехь), бусалба дино ма-хьохху зуда ялоран гIуллакх чекхдаьккхича бакъахьа хир ду. Цу тIе, зуда ялочохь дукха машенаш а, адамаш а вовшахдеттар вайн гIиллакхашца догIуш дац. Кхечу къаьмнийн гIиллакхаш, Iадаташ ду уьш. Стенна делахь а, цIе езачара дIадолорца, тахана вайна юкъахь чIагIделла девлла лара мегар долуш ду.

Карахь йолчу хенахь, дерриге а дуьненахь даьржина а, даьржаш а ду коронавирусан ун. Тешнабехк беш, дагахь доццург деш ун ду иза. Цундела хIокху хьолехь муххале а лардала дезара вай. Зуда яло цхьана-шина машенахь бахча а тоьар дара.

Нускал шен керлачу хIусаме схьадалийча а лардала дезара вай, дукха гул а ца луш. Зуда ялийначара а бехк билла ца беза шайн дикане цавеаначунна. Кхолладеллачу хьолехь вовшех кхеташ а, вовшийн лардеш а хила деза. ТIаккха вайн муьлххачу а гIуллакхан тIаьхье беркате хир ю.

ТIаьххьара а, вайн зама мел маьрша хилча а оьшуш дац зуда яло 20–30 машен а, уьш йоьттина адамаш а дахийта, новкъахь герзаш кхийса.

Вайн къоман гIиллакхашца догIуш доцург тIеийзо ца деза. И тIе ца ийззол кхетам хила беза вайгахь массаьргахь а.

Цу декъехь вайга я Iедало а, я бусалбанийн динан урхалло а хIумма а дийца оьшуш хила а ца дезара. Цаьрга сагатдайта ца дезара вай.

С.ХАСАНОВ
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: