Яздархо, поэт Окуев Шима вина 1937-чу шеран ноябрь беттан 6-чу дийнахь Шуьйтахь. Дешна Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина районан газетан редактор, школин директор, КПСС-н райкоман пропагандин отделан заведующи волуш. Амма шен дахаран коьрта гІуллакх литература лоруш ваьхна иза.
1957-чу шарахь дуьйна зорбанехь гучуюьйлу цуьнан стихаш, дийцарш.
Ш.Окуевн стихийн хьалхара «Сан Шуьйта» цІе йолу гулар араелира 1962-чу шарахь. Цул тІаьхьа дукха хье ца луш, ешархошка кхочу стихийн гуларш: «Лаьмнийн аз», «Лаьмнашкахь суьйре», «Лаьттан дай». 60-чу шерашкахь ешархоша езаш тІеийцира «Чорин дийцарш» цІе йолу забаре дийцарийн книга.
Яздархочун къаьсттина кхиам лара догІу «Лай тІехь цІен зезагаш» шина декъехь роман а, трилогин книгаш а: «Юьхь», «ЦІий, латтий», «ТІаьххьара верас». Оцу произведенешкахь Окуев Шимас вайн махкахь хилла революци а, граждански тIом а гайтина. Дахар къаго я хаздан а ца гIерташ, ма-дарра гайтар яра цуьнан Iалашо.
Нохчийн литературехь шен бІаьрла лар йитинчарех ву Окуев Шима.
Яздархочун кхалхар хилла 1987-чу шарахь.
Халкъалахь шуьйра девзаш дара Ш.Окуевн дешнаш тIехь даьхна цхьамогIа иллеш а: «Шела», «ДоттагIашка», «Ас хьо лоьху», «Лаьмнийн кIант», иштта кхин а. Царех цхьадерш тахана шуна довзуьйту оха.
Шела
Лекхачу ломара
Лахенга лар яхьаш,
Сирлачу седанал
Сайн цIена дог дахьаш,
ДоттагIийн дешнашка,
Мехкарийн эшаршка
ЛадогIа веъна со
Безамца ийци ахь.
Шела – шера аре,
Хьосту ас хьо лоре,
Ю хьо лаьмнийн лулахь.
Даим дагна уллехь.
Стиглара седарчий
Суйнашца легалой,
Суьйренца мехкарийн
БIаьргаш чохь лепало.
Къоналло вахийнарг,
Ойлано вохийнарг,
Уьш лехьо волалой,
Безамо вагош го.
Шела – шера аре,
Хьайн мехкаршка алий,
И ца хьийзош хьаста,
Деллий ирсан хьоста.
Беттасин серлоно
Йиц ма е боху соь,
Яхь йолчу кIенташа
Йийцинарг иллешца.
Мехкарша эшаршца,
Мерзачу дешнашца,
Хьо даг чохь йижий сан
Дахарехь йиц ца ян.
ДоттагIашка
Хан дIайоьду,
Хан дIагIерта,
ДегI къаналле теIало,
Амма дог сан,
Гаур-яI, хьо,
Жимчохь санна деттало.
Маржа кIентий,
Нохчийн кIентий,
Хан хеназа гIурий-те?
Вовшийн дегнаш,
Доггах дезаш,
Вай оьцуш хан хир юй-те?
Сайн доттагIий,
Сайн мостагIий,
Мерзий, къаьхьий буьйцу ас.
Уллерчунах
Дог сан Iабац,
Геннарчунна доьлху аз!
Кху дуьнено соьга боху:
«ДоттагI атта нис ца ло»
Амма дог сан,
Къар ма лолахь,
Жимчохь санна деттало!
Ас хьо лоьху
Мохо мархаш лоьхку,
Лаьмнех хьерчаш дохк ду,
Стиглахь лечкъа беттаса.
Кхолабелла го седа.
Къайлах доьлхуш,
Хьо лоьхуш дог сан ду.
Ас хьо лоьху буьйсанан боданца,
Ас хьо лоьху беттасин серлонца,
Ас хьо лоьху мархашца,
Ас хьо лоьху малхаца.
Ас хьо лоьху зезагийн техкарца!
Безамо тийлийна
Сан дог хьох дIаийна.
Хьо ца гичахь со Iелац,
Хьо йоцчохь сан дуьне дац.
Алахь ахь, хьуо мичахь ю, хьомениг.
Ас хьо лоьху ламанан некъашца,
Ас хьо лоьху шовданан некъашца,
Ас хьо лоьху бацаца,
Ас хьо лоьху бошмашца,
Ас хьо лоьху безаман ларашца!
Набаро Iехийна,
Адамаш дIатийна,
Со цхьаъ левац гIенаша,
Со цхьаъ гIелвац некъаша,
Суна-м хаьа хьо сайна карор юй.
Ас хьо лоьху стигланан Iаьршашца,
Ас хьо лоьху Органан тулгIешца,
Ас хьо лоьху кхаъ дагахь,
Ас хьо лоьху сов генахь,
Суна-м хаьа хьо сайна карор юй!
Рубрика дIахьошверг – Хь.АБОЛХАНОВ
шот, 30 май, 2015 шо, № 59