Пачхьалкхаллин билгало а, бан лерина хийцамаш а

Россин Федерацин Конституци 1993-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 12-чу дийнахь, дерриге а халкъаша кхажтасарца, тIеэцна. Пачхьалкхан демократин бакъонан бух а, пачхьалкхаллин коьртачу билгалонех цхьа билгало а ю иза.

Шатайпана бакъонаш кхолларан акт хиларна, цо чIагIйо суверенитет, йозуш цахилар, пачхьалкхан лаккхара Iедал, кхузаманан пачхьалкхана чIогIа мехала йолу экономикин, политикин, пачхьалкхаллин, бакъонийн, социальни дакъойн коьрта принципаш.

Пачхьалкхан дахарехь доккхачу маьIнен меттиг дIалоцуш долу коьрта закон хиларе терра, цунна тIе а тийжаш, Iедало кхочушйо къоман идейш а, пачхьалкх кхиор а.

Конституци бахьана долуш, дерриге а къаьмнийн лаам кхочуш а беш, юкъараллин социальни дакъош бертахь цхьаьна гIуллакхдеш ду. Цу тIехь билгалдоккху пачхьалкхана уггаре а мехала хеташ дерг стаг а, цуьнан бакъонаш а, маршо а хилар.

Вайн пачхьалкхехь коьртаниг Федерацин Конституци елахь а, цунна чуйогIуш йолчу хIора республикин шен конституци ю. Россин Федерацин Конституцин 5-чу статьян 2-чу декъехь яздина ма-хиллара: «Республикин шен Конституци а, законопроект а ю».

Россин Конституцина масийттазза хийцамаш бина. Масала, 2008-чу шарахь, президентан дIадолорца, президент харжаран хан 4 шарера 6 шаре кхаччалц яхъеш. Лаккхара а, арбитражни а суьдаш цхьаьнатохарца а, Федерацин Советана президентан векалш юкъабахийтарца а, дешар кхиорца а доьзна, и.дI.кх.

ХIокху шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь Президента Владимир Путина Федеральни Гуламе динчу костехь Россин Конституцехь бан беза рогIера хийцамаш билгалбаьхна, ткъа бекарг (март) баттахь «Конституцехь бан леринчу хийцамех» лаьцна тIеэцна 1-ФКЗ.

Федеральни Гуламе кост динчу дийнахь, 75 стагах лаьтташ йолу, белхан тоба кхоьллина. Цул тIаьхьа ши де даьлча, и йолчохь подгруппа вовшахтоьхна, юкъаялош йолчу предложенешна жамI дар тIе а дуьллуш.

Кхолламан (январь) беттан 20-чу дийнахь В.Путина Пачхьалкхан Думе «Юкъара Iедал хIотторан къаьстина гIуллакхаш кхачам боллуш нисдаран» законийн проект чуелира. Пачхьалкхан Думо иза кхо де даьлча тIе а ийцира.

Бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь Федерацин Советан пленарни заседанехь дукхахболчара кхажтасарца тIеийцира «Россин Конституцехь хийцамаш баран хьокъехь» закон. Цул тIаьхьа кхо де даьлча Путина куьг яздира цунна.

Оццу дийнахь Конституцин суьдо Закон конституцица догIуш ду-дац талларан болх дIаболийра. Бекарг беттан 16-чу дийнахь Конституцин суьдо хийцамаш бар конституцица догIуш хилар чIагIдира.

ШолгIачу дийнахь Президента куьг яздира Конституцехь бан лерина хийцамаш тIеэцаран Ерригроссин кхажтасар оханан (апрель) беттан 22-чу дийнахь дIадахьаран хьокъехь долчу указана.

Дуьненахь коронавирусан ун даржар бахьана долуш, цхьана ханна дIатеттира цо харжамаш бар. Ткъа асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь Президента кхажтасаран де – 2020-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-ра де хилар билгалдаьккхира.

Ерригроссин кхажтасар дIахьур ду, Россин Федерацин Харжамийн коьртачу комиссис чIагIйинчу харжамийн бакъонашца нийса а догIуш, Россехь а, цуьнан дозанал арахьа а. Харжамашкахь дакъалаца йиш ю Россерчу 18 шо кхаьчначу массо вахархочун (суьдан сацамца чубоьхкинарш а, гIуллакхна гIорасиз берш а боцучеран).

ХIора дакъалацархочун ша бен, кхечунна хьалхара кхажтаса йиш яц. Кхажтасаран бюллетень дIало паспорт я цуьнан меттана лелаш долу документ хилчахьана.

Кхажтасар мангалан беттан 1-чу дийнахь дIадахьа лерина делахь а, хIокху беттан 25-чу дийнахь дуьйна (оцу деношкахь электронни, ша волччуьра, кхажтасарна лерина йолчу каппел арахьа, дозанал арахьа кхажтаса аьтто бу) йиллина хир ю кхажтасаран каппаш, цигахь бахархойн аьтто хир бу хенал хьалха кхажтаса, нийсса аьлча, 7 дийнахь дIахьур ду и гIуллакх.

Цо гIо дийр ду санитарин берриге а лехамаш кхочушбарна. Коьртачу харжамийн комиссис ларваларан декъехь йолу ерриге а бакъенаш кечйина. Ерригроссин кхажтасаран жамIаш дийр ду Россин Харжамийн коьртачу комиссис. Кхажтасаран жамIех дерг тIеоьцур ду кхаж тесначул тIаьхьа пхи де далале.

ТIаккха хийцамаш законан ницкъе боьрзур бу. Хийцамаша муха тIеIаткъам бийр бу вайн могIарерчу бахархошна, ерригроссин кхажтасарехь дакъалацар мехала хIунда ду?

Дукхах болу хийцамаш социальни декъах хьакхалуш бу – «Россин Федерацехь пачхьалкхан экономика кхиорна а, бахархойн дахар тодарна а, пачхьалкх, юкъаралла вовшех тешам болуш хилийтарна а, бахархой ларбарна а, къинхьегам ларарна а кхуллуш хьелаш ду» (75 ст.).

Оьшуш ду доьзалан мехаллаш Iалашъяран а, уьш чIагIъяран а декъехь хийцамаш бар. Стаг а, цуьнан къинхьегам а ларар – хIораннан дахарехь маьIне гIуллакх ду.

Хийцамаш даржашкарчу политикех а хьакхалур бу. Масала, Правительствон Председателан, министрийн, федеральни органийн куьйгалхойн, губернаторийн, сенаторийн, депутатийн, суьдахойн бакъо хир яц ши гражданство лело а, я кхечу пачхьалкхехь ваха а. Пачхьалкхан а, муниципальни а органийн цхьаьнагIуллакхаш дар чIагIдар, и.дI.кх. а.

Эксперташна хетарехь оцу дерригено пачхьалкхан урхалла чIагIдан декхар ду. Иштта, тайп-тайпанчу политикин партийн а, юкъараллин организацийн а векалша тоьшалла до вайн пачхьалкхан коьртачу документехь бийр болчу хийцамаша адамийн дахар дикачу агIор хуьйцург хиларна.

Ерригроссин харжамаш историн хилам бу, цундела цигахь дакъалаца хIораннан декхар ду.

Л.ДАУТОВА
№48, асаран (июнь) беттан 23 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: