Россин Федерацин Конституцехь бан лерина хийцамаш къобалбаран декъехь дӀадолийначу кхажтасарехь дакъалецира Кадыров Рамзана.

«Кхажтасарехь дакъалаьцна тахана. Ахьмад-Юьртарчу №165 йолчу харжамийн куьпарчу тускара чу тесна ас сайн бюллетень. Росси чӀогӀа хилийтарехьа ду-кх вай», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Twitter чуьрчу шен агӀонехь.
Цо билгалдаккхарехь, Россин Конституцехь бан лерина болу хийцамаш маьIне а, мехала а бу мехкан таханенна а, кханенна а, иштта, цуьнан бахархошна а.
«Доьзал стага а, зудчо а кхуллуш хилар, Дела хилар а, иза цхьаъвар а, шайн меттанаш а, культураш а Iалашъяр къаьмнийн бакъо хилла ца Iаш, тIедожор а, пенсеш тIекхеташ хила дезар тIечIагIдар, и.дI.кх.а хийцамаш бу россихойн кхиэле бехкина. ДIадаханчу шарахь «орцах довла, вайн мотт бийцар а, Iамор а адамийн лааме дерзийна» бохуш, даьхкина вай, хIинца иза Iамор хьан декхар ду боху Iедало. Дела цхьаъ вар… Доьзал кхоллар стагана а, зудчунна а юкъахь бен хила йиш цахилар… Кхин хIумма а ца хилча, и доьзал кхолларан хьокъехь болу хийцам бахьана долуш нохчаша дакъалаца дезаш ду аьлла хета суна кхажтасарехь. Эшахь, текхаш вахна а дакъалаца деза кхажтасарехь, и хийцамаш къобал а беш», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Дагадоуьйту Россин Федерацин Конституцехь хийцамаш баран декъера харжамаш дӀабахьарна леринчу каппаша шайн болх оханан (июнь) беттан 25-чохь Iуьйранна 8 сахьт даьлча дIаболийна хилар.
Харжамхошна шайн неӀарш схьайиллинарг 505 куп ю республикехь, шайх 20 ханна а йолуш: 12 – эскархойн дакъошкахь, 7 – дарбанцӀеношкахь, 1 – Соьлжа-ГӀалин №1 йолчу СИЗО-хь.
Оцу каппашкахь харжамаш дӀабахьаран балхана терго латтош 4 440 стаг ву.
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо