Россин Федерацин Президента В.Путина орденашца а, мидалшца а совгIаташ дина коронавирусца къийсам дIабахьарехь къаьсттина билгалбевллачу нохчийн лоьрашна.

Царна совгIаташ даран хьокъехь долу Указ зорбатоьхна Кремлан официальни сайтехь.
Путин Владимира куьг яздинчу документехь боху: «Коронавирусан уьнна (COVID-19) дуьхьал дIабаьхьначу къийсамна юкъа йоккха хазна йилларна, лоьраллин декхар кхочушдарехь шаьш-шайна цакхоорна, лаккхара корматалла гайтарна, совгIат дан: Пироговн Орденца – лоьрана Абдурзаков Муслимана, отделан заведующина Абубакаров Юнусана, коьртачу лоьран заместительна Алаев Заурана, лоьрана Алиев Iелина, отделан заведующина Ахматукаев Абухьусейнна, отделан заведующина Байбулатова Шукранна, лоьрана Басханова Мархина, коьртачу лоьран заместительна Вашаев Ахьмадна, коьртачу лоьран заместительна Гараев Юсупна, коьртачу лоьран заместительна Гоева Зараана, лоьрана Джаватханова Радимханна, лоьрана Кадыхаджиева Миланина, отделан заведующина Касумов Юсупана, отделан заведующина Мазурова Заремина, отделан заведующина Салаватова Фатимина, отделан заведующина Шамаева Хедина, отделан заведующина Шовхалов Аюбана, отделан заведующина Юнусов Муслимана; «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» II-чу даржан мидалца – лакхарчу лорйишина Дааева Разитина, коьртачу лорйишина Закриева Жанетина, медйишина Темирсултанова Къаришатана».
Вай даггара декъалбо уьш берриге а оцу мехалчу совгIаташца. Дала тIаьхье беркате йойла!
Вайн дерриге а халкъана дозалла а ду, боккха юьхькIам а бу Нохчийчоьнан лоьрийн а, лорйижарийн а къинхьегаман Россин Президента Путин Владимира оццул лакхара мах хадор.
Д.АНАДЕВ
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо