МеттахIоттош ю «ТIеман БIов»

Хойн историн-архитектурин комплексехь дIаболийна шолгIа «ТIеман БIов» меттахIотторан белхаш. Герггарчу хьесапехь, и бIов ХII–ХVI-чуй бIешерашкахь йина ю. Цунах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.

БIов меттахIотторан белхаш дIабахьарна гIо-накъосталла деш ю Россин культурин министерство а.

Кхул хьалха меттахIоттийначу хьалхарчу «ТIеман БIаьвнаца» цхьаьна хIара шира комплекс хазйина, къагийна дIахIоттор ю хIокху башхачу бIаьвно. БIаьвнан архитектурин башхалла, ширачу суьрташца дуьстича, йогIуш ю лаьмнийн Сванетехь (Гуьржийчоь) йолчу бIаьвнашца. Белхалоша хIинцале дIадолийна хьакхлагIаш дIаяхар, гонахара меттиг цIанъяр, бIовна оьшу тIулг харжар, бIов йоттарехь а, тоярехь а оьшу болу гIирсаш а, коьчалш а тIеозар, – бохура Дааев Хож-Баудис.

Билгалдаккха деза Хойра историн-архитектурин комплексе кхача, цуьнга бIаьргтоха лууш вайн республикера бахархой а, туристаш а, вай долчохь хуьлуш болу хьеший а хилар.

И комплекс Веданан кIоштахь ю. Историн йоккха мехалла йолуш объект ю иза. Шен хазаллица, исбаьхьаллица хаддаза туристийн тидам шена тIеийзабо цо.

Цундела мехала ду кхузара шира бIаьвнаш меттахIиттор, кхуза бахка луучу туристашна а, хьешашна а бегIийла хьелаш кхоллар.

Хь.САИДОВ
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: