Итт миллион сом мах болу инвестицийн объект ян йолийна

ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь 10 миллион сом мах болу инвестицийн объект ян йолийна. Цу хьокъехь хаам бира кIоштан администрацин куьйгалхочо Хучиев Темирлана.

Коронавирусан ун даржарца доьзна цхьана муьрана совцон дезаш нисделла хиллехь а, хIинца ТIехьа-Мартан кIоштахь жигарадаьхна инвестицийн гIуллакхаш. Иштта, Котар-Юьртахь сихачу боларшца дIадолийна коммерцин объект яр. Иза Шоссейни урамехь еш ю.

Цигахь кенан ораматаш, кхоьн культураш Iалашъеш а, бахархошна юхкуш а йолу складаш хир ю.

Инвестицийн проект кхочушъеш ву ша цхьаъ гIуллакхдеш волу совдегар (предприниматель) А.Мусаев.

Объект ярна 10 миллион сом ахча юкъадиллина цо. ХIара шо чекхдалале гIишло йина ялийта дагахь ву иза.

№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: