«Ахмато» бIаьрла толам баьккхина кхаа баттахь гергга садаьIначул тIаьхьа

Коронавирусан ун даьржина хиларца доьзна «садаIа» яхийтинера Россин Премьер-Лигин чемпионатехь дакъалоцуш хилла йолу командаш. Цхьадика, ун даржаран кхерам лах а белла, вайн мехкан футболан союзан сацамца, чемпионат юха дIайолаелла.

Иштта, асаран (июнь) беттан 19-чу дийнахь Соьлжа-ГIалара «Ахмат» 23-чу турехь Самарехь меттигерчу «Крылья Советовца» левзира.

Футболе сатесна болчу меттигерчу футболъезархойн дегнашна боккха хьаам а беш, матчан 6-чу минотехь «Ахматан» кевна чу буьрка туьйхира Т.Бурлака.

Делахь а, гуш дара хьеший боьхна цахилар а, уьш ловзаран урх шайн каралаца гIерташ хилар а. Иза къеггина хаалора вайн тоьллачу футболистийн ловзарехь. Бакъду, хьалхара тайм жамI кхин хийца ца луш чекхъелира.

ШолгIачу тайман юьххьехь дуьйна а шайн тIелатарш жигарадехира «соьлжагIалахоша». Даго хьоьхура цо уьш кхиаме кхачориг хилар а, эххар а, «Крылья Советовн» ков достуриг хилар а. Иза иштта хила а хилира. 54-чу минотехь хIусамдайн дог дохийра В.Ильина.

Цул тIаьхьа 9 минот яьлча кхиаме кхечира Д.Глушаков. ХIинца серлонан табло тIехь догура вайна юьхькIам болу 1:2 терахьаш. Асаре бевллачу «Ахматан» футболисташа цунах а тоам ца бира. Матчан 66-чу минотехь юха а кхиаме кхечира В.Ильин.

Цул тIаьхьа кхо минот яьлча «Крылья Советов» командин футболистийн кевна чу йоьалгIа буьрка туьйхира Б.Бериша – 1:4.

Цул тIаьхьа, гIуллакх дина даьлла аьлча санна, жимма паргIатбевлира «Ахматан» футболисташ. ХIусамдай а ма бацара оцу «юьхьIаьржонах» хьалхабовла ца лууш.

Цундела, аьтто баьлбаьллачуха тIелатарш дора цара. Царах цхьаъ хьешийн кевна чу буьрка тохарца дерзо аьтто белира церан. Матчан 88-чу минотехь гол тоьхнарг М.Глушенков вара.

Цу тайппана, жамI 4:2 долуш хаза толам баьккхира «Ахмато». Цо таро елира цунна турниран таблицехь уггаре а лахарчу могIарера лакхахьа цхьа гIулч яккха.

Хь.САЙДАЕВ
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: