Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 2018-чу шеран Указаца Россехь дIайолийна масех шеран «Образование» къоман проект. Къоман проект кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикехь, вовшах а тоьхна, дIахьош ю регионан проекташ. Царах цхьаъ ю «Дешар» регионан проект.

Регионан проектан коьрта Iалашо ю Нохчийн Республикин школашкара кхаа сменехь долу дешар дIадаккхар а, стандартаца догIуш дешаран хьелаш тодар а.
«Дешар» регионан проект йолийначу 2019-чу шарахь, Нохчийчохь йина школаш хIорш ю: Веданан кIоштарчу Бени-КIотарахь 120 дешархочунна лерина, Зеламхин-КIотарахь 120 дешархочунна лерина ши школа; Нажи-Юьртан кIоштарчу Оси-Юьртахь – 120 дешархочунна лерина школа; Гуьмсан кIоштарчу Гезлой-Эвлахь – 600 дешархочунна а, Керла-Энганахь – 600 дешархочунна а лерина школаш, Жалкхехь – 480 дешархочунна, Лаха-Нойбоьрахь – 720 дешархочунна, Гуьмсе гIалахь – 720 дешархочунна лерина школаш; Курчалойн кIоштарчу Иласхан-Юьртахь – 360 дешархочунна; Шелахь – 720 дешархочунна, Шелковскехь – 720 дешархочунна лерина цхьацца школа; Эна-Хишкахь 600 дешархочунна меттиг йолу школа; Итон-Кхаьллан кIоштарчу ГутIахь – 120 дешархочунна, Шуьйтан кIоштарчу Зонахахь – 120 дешархочунна лерина ши школа йина. Ткъа Устрада-ГIалахь ян йолийна 720 дешархочунна лерина школа карарчу шарахь чакхъер ю.
Дешарна оьшуш болчу гIирсашца кхачойина ю школийн ерриге а классаш. Цхьайолчу предметашна билгалъяьккхина масех кабинет ю.
Цул сов, библиотекаш а, актови залаш а, медицинин пункташ а, кхачабаран чоьнаш а, спортзалаш а ю керлачу школашкахь.
Иштта, «Дешар» регионан проектана юкъайогIуш а йолуш, 2019-чу шарахь дIадолийна республикин школашкахь «Точка роста» терахьийн а, гуманитарни кхиоран дешаран а туьшаш кхоллар.
«Технологи» предмет а, «Математика а, информатика а» предмет а, «Физически культура а, Iер-вахаран кхерамазаллин коьртаниг а» предмет а керлачу тIегIанехь хьоьхур ю дешархошна оцу туьшахь.
Регонан проектан гурашкахь, кхаа сменан дешар дIадаккхаран Iалашонца 2020-чу шарахь Нохчийн Республикехь еш ю кхин а 7 872 дешархочунна лерина 10 школа.
Соьлжа-ГIалахь еш йоккха кхо школа ю. Царах хIора а школа 1 224 дешархочунна лерина ю. Иштта Соьлжа-ГIаларчу №18 йолчу школина 600 дешархочунна лерина корпусю еш, ткъа №8 йолчу школехь – 720 дешархочунна лерина.
Курчалойн кIоштарчу Ахьмад-Юьртахь еш ю 600 дешархочунна лерина школа, Гуьмсехь – 720 дешархочунна, Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь – 720 дешархочунна, Нажи-Юьртахь – 360 дешархочунна, Грозненски кIоштан Дочу-Борзехь 480 дешархочунна лерина школа ю еш.
Лакхахь билгал ма-даккхара, хIокхузаманан лехамашна жоп луш ю керла школаш. Вайна хууш ма-хиллара заманца кхуьуш ю дешар хьехаран методика. Цундела керлачу школашкахь керлачу программашца а, технологешца а болх бан кечбеш бу хьехархой.
ВЕГИЕВА Макка
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо