Харжамхошна гIоьнна

ХIокху шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь 8:00 сахьт даьлчахьана дуьйна 20:00 сахьт даллалц Ерригроссин кхажтасар дIахьур ду. ХIоьттина долу коронавирусан пандемин кхераме хьал тидаме а эцна, кхажтасарехь ларбалийтархьама бахархошна кхитIе а хьелаш кхоьллина.Иштта, хIокху беттан 25-чу дийнера 30-чу дийне кхаччалц харжамийн каппашкахь кхажтаса аьтто бу бахархойн.

Шен цIахь воллушехь кхажтасар.

Иза лерина ду муьлххачу а цхьана бахьаница чуьра арабовла йиш йоцучу, амма кхажтасарехь дакъалаца луучу бахархошна. Церан аьтто бу асаран беттан тIаьххьарчу ялх дийнахь а, мангалан беттан 1-чу дийнахь а кхажтаса.

ЦIахь воллушехь кхажтаса луучо куьпан комисси телефон тоха еза, я шайн гергарчу нахехула а, я волонтерашкахула а, я электронни кепехь «Госуслуги» портала тIехь а хаам бан беза.

Кхажтасарна билгалйина меттигаш йоцучохь кхажтасар.

Кхажтасаран дийнал хьалхарчу ялх дийнахь (25–30-гIий денош) куьпан комиссин аьтто бу кхажтасаран меттигаш йоцучу бахархой бехачу меттигашка а оьхуш, кхажтасар дIадахьа.

«Мобилан харжамхо» кепах пайдаэцар.

Шуьйра пайдаоьцур бу «Мобилан харжамхо» кепах. Ша Iаш волчу меттехь кхажтаса луучо асаран (июнь) беттан 5-чу дийнан 14:00 сахьт даллалц дуьйна 21-чу дийнахь муьлххачу а МФЦ-хь, меттигерчу комиссе, иштта, «Госуслуги» порталехула а, иштта, асаран беттан 16- чу дийнахь дуьйна 14:00 сахьт даллалц куьпан харжамийн комисси а заявлени чудала йиш ю.

Ша тIе а веана заявлени чулуш, санитарни берриге а кхерамазаллин лехамаш кхочушбан беза. Заявлени тIехь билгалъяккха еза шена герга йолу харжамийн куп. Иза харжа аьтто бу cikrf.ru сайта тIехь ТИК, УИК картийн гIоьнца. ХIокху беттан 25-чу дийнера дуьйна мангалан беттан 1-чу дийне кхаччалц муьлххачу дийнахь ша хаьржинчу куьпе а веана кхажтаса йиш ю.

Нохчийн Республикехь Ерригроссин кхажтасарна билгалйина меттигера 20 комисси ю, даима болх беш йолу 485 куьпан комисси, иштта, ханна йолчу каппашкахь – 20 комисси. Царах 12 тIеман дакъошкахь ю, 7 – дарбанан учрежденешкахь, 1 – Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу СИЗО-хь. Нохчийн Республикехь кхажтасарна билгалйинарг ерриге а 505 куп ю.

Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь кхажтаса дIаязвелларг 744 эзар сов харжамхо ву, и барам хаддаза хийцалуш бу.

Ерригроссин кхажтасарна хьалхатеттинарг Россин Федерацин Конституцехь бина 206 хийцам бу. Пачхьалкхан билгалонах, халкъийн башхаллах, махкахойн гIолацарх, къинхьегамах ял яларан лаххарчу барамах, пенсийн индексацих, экономикин кхиарх, бахархойн дахаран хьелаш тодарх, и.дI.кх.а.

Кхажтасарехь дакъалаца йиш ю Россин Федерацин 18 шо кхаьчначун.

Конституцехь хийцамаш бийр бу, нагахь санна царна 50 процент харжамхой резахилахь + 1 харжам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: