Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь д1аяьхьира КВН-н «Универ Лигин» финал. Финалехь къийсалуш яра Пачхьалкхан урхаллин а, нохчийн а, юкъарчу филологин а, агротехнически а, математикин а, компьютерни технологийн а, географин а, геокологин а факультетийн тобанаш.
Студентийн къийсадаларш деа декъе декъна дара: «разминка», «биатлон», «приветствие».
Студенташа леррина кечам бина хилар гуш дара, цара сцени бечу балхехь.
КВН-щикаша финалехь гайтинчу ловзарийн мах хадош яра шена юкъахь, Нохчийн Республикин халкъан артист Альтемиров 1альви, масийтта шарахь Нохчийн КВН-н командехь левзина Мамергов Ислам, Хаджиев 1умар, Бектамуров Муса, Бакаев Анзор волу жюри.
Ловзар чекхдаьллачул т1аьхьа жюрин декъашхоша билгалбехира толамхой.
3-г1а меттиг – яьккхира пачхьалкхан урхаллин факультето, 2-г1а меттиг – 1-ра меттиг яьккхира агротехнически институто, – географин а, геологин а факультето.
Толамхой билгалбехира мехалчу совг1аташца а, Сийлаллин грамоташца а. Ткъа 1-ра меттиг яьккхинчу тобанна Кубок елира.
БАЙБАТЫРОВА Милана,
ЧГУ-н студентка
шот, 30 май, 2015 шо, № 59