Коронавирусан ун даржар дикка лахделлехь а юкъара дIадаьлла дац. Тахана а хаало иза адамашна юкъахь, меллаша делахь а, даржар. Цундела, вай дукха паргIатдовла ца деза, лардала деза.

Сихдала ца деза базарахь, туьканахь, машенашкахь, юкъараллин меттигашкахь, ткъа иштта, дика-вонехь бетах юхкуш йолу хIуманаш дIаяха, цхьаьнадеттала. Амма, халахеташ делахь а, вайн цхьаболу йижарий, вежарий дукха паргIатбевлла хIинцале.
Цхьа а ун ца хилча санна, ловзарш, тойнаш дан буьйлабелларш а бу. Зуда ялийначу меттигашкахь дукха адамаш вовшахдеттало. Яккхий харжаш еш тойнаш до. Совнах харжаш яр исрап хилар-м дуьйцур а дацара, хIокху хьолехь иттаннаш, бIеннаш адамаш цхьаьна охьаховшу, вовшийн багара Iаьн а хаалуш юхюххехь лаьтта, вовшийн куьйгаш луьйцу, мерабеттало.
Къаьсттина кхераме а, сагатдойтуш а ду баккхийчарна юккъехула ловзуш, дIасауьдуш бераш хилар. И санна дерг мегар дац. ХIинца а коронавирусан кхерам юкъара дIа ца баьлла. Тешнабехк беш ун ду иза.
«Суна-м хIумма а хир дацара. Со-м могаш яра. Сан «иммунитет» чIогIа ю», – бохуш, леллачу Соьлжа-ГIаларчу Сацита цIе йолчу цхьана зудчунна кIира хьалха хьакхаделла и ун, тойне яханчохь. Цунах ун даьлла цуьнан доьзалехь мел волчунна…
«Суна мотта ма ца моьттура», – боху цо хIинца. Шена бала бина ца Iаш, шен берриге а доьзална бала бина… Цундела хIара ун юкъара кхоччуш дIадаллалц ларвала везара вайх хIора а.
Ловзарш дан а, тойнаш дан а кхуьур ду вай. Ялийна зуда, дукха адамаш, машенаш вовшах ца етташ, ловзарш, синкъерамаш ца деш, тIех яккхий гIовгIанаш ца еш, дIадерзо деза. ХIокху хьолехь товш а, гIиллакхе а хир ду иза, хIунда аьлча, тахана а коронавирусан ун хьакхаделла, цуьнца бала хьоьгуш бу вайн бIеннаш йижарий а, вежарий а, къаной а.
Церан ойла йича бакъахьа хир ду. Сий-ларам бан беза дийнахь а, буьйсанна а оцу къизачу цамгарца къийсам дIахьош болчу лоьрийн. СадаIар доцуш болх беш ма бу уьш. Царна а лаьа хир ма-ду самукъадаккха а, тойнехь Iан а.
Делахь а, тахана вайх хIора а цамгарх ларван гIерташ, бIаьхой санна дIахIиттина лаьтташ бу уьш.
Иштта, вай лардеш, вайга низам, къепе ларъяйта гIерташ дийнахь а, буьйсанна а, малхехь а, догIанехь а некъаш тIехь лаьтташ бу бакъонашларъяран органийн эзарнаш белхахой. ХIокху деношкахь жимма паргIат-м баьхна уьш.
Делахь а, царах къахета, церан догъэца деза. Даггара царна баркалла, Дела реза хуьлда ала декхар ву вайх хIора а. Церан ойла йича вай жимма юхатоттур дара ловзарш, тойнаш дар, цигахь адамаш вовшахдеттар. Церан ойла а йина вай иза дан а деза.
Вай и дийр а ду Дала мукъ лахь. Вовшех дог ца лозуш ма дац вай!
С.ХУСЕЙНОВ
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо