Оьшучу гражданашна гIо даран а, республикин бахархошна белхан меттигаш кхолларан а Iалашонца кхоьллира 2004-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд.

ДIадаханчу 16 шарахь цуьнгара гIо хилира бIеннаш эзарнаш гIийла бохкучарна, хала цамгарш токхуш болчарна, буоберашна, шайн могашалла ледара йолчу адамашна.
ДуьххьалдIа коронавирусан ун даьржинчу хIокху муьрехь фондо оьшуш болчарна цхьа миллион сов пакета чохь дIасадийкъира кхачанан сурсаташ.
Шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу РОФ-н вице-президента Исаева Хьавас дийцира фондан балхах лаьцна, жоьпаш делира цхьамогIа хаттаршна.
– Кхерамечу цамгаран ун даьржинчу хIокху муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо дикка жигарабаьккхина республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а сагIа даларан болх. Дийцахьа, хIокху чолхечу хьелашкахь цо деш долчу гIуллакхех лаций.
– Хууш ма-хиллара, 16 шо ду регионан юкъараллин фондо сагIа даларан гIуллакхаш дан долийна. Иза кхоьллинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна, цуьнан коьрта Iалашо лору оха оьшуш болчарна, хала цамгар токхуш болчарна, буоберашна, шайн могашалла ледара йолчарна гIо дар.
ДуьххьалдIа пандемин хIокху муьрехь бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь дуьйна РОФ-н президента Кадырова Айманин тIедилларца вайн республикехь санна, регионан а, мехкан а дозанел арахьа а жигара дIаяхьа йолийра сагIа даларан цкъа а хилла йоцчу кепара яккхий акцеш. Ерриге а агIонех хьакхалуш долчу гIоьно шена чулоцура кхачанан сурсаташ, медикаменташ, кхидерг.
Юкъараллех шаьш-шайн херабахаран раж йолаелчхьана республикехь цхьа миллион сов йолчу пакета чохь дIасадекъна кхачанан сурсаташ.
Цул сов, хIокху муьрехь къастийна цхьалхадаьхна дуккха а гражданийн хIусамашца доьзна долу гIуллакхаш: хIокху тIаьхьарчу муьрехь, гIийла бохкучу доьзалшна а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн гергарчарна а Соьлжа-ГIалахь, Эна-Хишкахь, Устрада-ГIалахь 88 петар елла.
Дахаран чолхечу хьелашкахь болчу 50 эзар сов доьзална ахчанца гIо а дина. ДIасадекъна ахча 720 миллион сом сов ду.
– Керлачу коронавирусан уьнна дуьхьал къийсам латточу муьрехь республикера могашаллаIалашъяран система Iаламат чолхечу хьелашкахь болх бечарна юкъахь яра. Оцу хенахь вайн медицинина хIун гIо дира регионан юкъараллин фондо?
– Фондан президентан Кадырова Айманин тIедилларца регионан могашаллаIалашъяран министерствона дина гIо бIеннаш эзарнаш соьмашкахь дагардан йиш ю. Иштта, медицинин сихачу гIоьнна лерина эцна «В», «С» классан 42 машен, ун кхетарна дуьхьало еш йолу костюмаш, оьшуш йолу медикаменташ, коронавирусана дарба лелорехь оьшуш болу берриге а гIирсаш.
Цул сов, Несин Айманис билгалйина кIелбисина боцчу цомгашчарна лерина йолу программа: цIахь дарба леладайта царна медикаменташ лора. Медикаменташ чохь йолу цхьа эзар тIоьрмиг дIабелира коронавирусан ун кхеттачу цомгашчарна дарба лелош йолчу вайн медучрежденешка. Цу чохь дара цинктерал-тева, аквадетрим (витамин), омеганол-форте, аскорбинан кислота, кхидолу молханаш.
– Шен гIуллакхаш долийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу юкъараллин фонд билгалъяьлла уггаре а чолхечу хьелашкахь – тIеман операцеш дIахьош, меттахIотторан муьрехь, гIишлошъяран хенахь – шуьйрачу барамашкахь сагIа даларан акцеш дIаяхьарца. Дерриге а дуьненахь пандемица доьзна гIуллакхаш къастийна цхьалхадаха дезачу карарчу хенахь шен балха тIехь коьртаниг хIун лору фондо?
– Асаран (июнь) баттахь 16 шо кхочу фондан. ТIаьхьарчу 15 шарахь Iаламат боккха болх дIабаьхьна цо. ХIокху муьрехь шен балхахь коьртаниг лору фондо оьшуш болчарна а, цамгар токхуш болчарна а гIо дар. Iаламат дукха бу уьш.
Иттаннаш, эзарнаш адамийн таро хилла шайна дарба леладайта кхечу меттигашка баха. Царах дукхахберш, дуьххьалдIа, лаккхарчу корматаллин медицинин гIоьнах пайдаэца бахана. Вайн республикин бахархоша дехна ца Iа фонде гIо, иштта дехарш кхочу вайн мехкан а, дуьненан а дуккха а меттигашкара.
Фондо жигара дакъалоцу республикин а, федеральни а барамашкахь дIахьош долчу дерриге гIуллакхашкахь, кест-кеста дIахьо дуьненаюкъара форумаш, конкурсаш.
Оха хаддазчу тергонехь латтадо регионан ведомствийн, министерствийн гIолацаран гIуллакхаш. Карахь дерг юкъа а ца лоцуш, тIаьхьарчу кхаа шарахь фондан чоьтах дIадаьхьира вайн республикин бахархошка а, луларчу регионашкарчу хьешашка а мархадастийтар.
Дахаран ерриге а агIонаш юкъалоцу фондан гIуллакхаша: школаш, берийн бошмаш, паркаш, махлелоран туьшаш, садаIаран меттигаш кечъяр.
Республикехь дIахьош долчу дерриге гIуллакхашкахь дакъалаца, царна юкъа шен хазна йилла гIерта фонд.
– Вайн республике цабезам болчеран чIогIа синтем бойуш долу цхьа хаттар дан луур дара. Стенан чоьтах дIахьо фондо и ерриге а акцеш?
– РОФ сагIа даларан гIуллакхаш дина ца Iа. Цул сов, тхо кхиаме бизнесменаш а ду. Фондан шен предприятеш а, фирмаш а ю – «Айсберг» (морожни кечйо), «Серноводская» (Нохчийн минеральни хиш), гIишлошъяран «Мегаинвест» компани.
Меттигерчу чиновникаша, совдегарша иштта юкъаюьллу шайн хазна. Фондо деш долчу башхачу гIуллакхашкахь дакъалаца лаьа царна а – закат даларан кепехь шайн ахча юкъадуьллу.
Фондан предприятеша доккхуш долу дерриге а ахча сагIа даларан акцешна дIасадоькъу, иза оьшучарна хилийта Iалашо йолуш. Цхьаьнакхетарехь иштта хаьттира пандеми юкъаяьллачу муьрехь дозанал арахьарчу мехкашна фондо динчу гIоьнах лаьцна.
Нохчийн Республикин куьйгалхочун гIоьнчас, Iаьрбийн а, Исламан а мехкашкахь цуьнан векал волчу Даудов Туркос хаамбира кху шеран оханан, хIутосург (апрель, май) беттанашкахь фондо Шемарчу 30 500 доьзална а, Палестинерчу 10 эзар доьзална а гIо дина хиларан хьокъехь. Кест-кеста и тайпа гIо до дуьненан кхечу дуккха а мехкашкахь а.
Вайн регионан Куьйгалхочун цигарчу куьйгалхошца дика юкъаметтигаш хилар бахьанехь, вай доттагIалла леладо исламан дерриге а мехкашца. ХIокху деношкахь Кадыров Рамзанан телефонехула къамел хилира Абу-Дабин тIаьхьенан принц волчу Мухьаммад бен Зайед аль-Нахайянаца.
Принцана хаа лаьара коронавирусан уьнна дуьхьал къийсам латторехь республикина хIун гIо оьшу, медицинин препараташ оьший. Рамзана билгалдаьккхира COVID-19 яржарца къийсам латторехь Нохчийн Республикина а, Дагестанна а ларваран медицинин гIирсаш оьшуш хилар.
Шина агIоно дийцарш дар бахьанехь, АбуДабин принца Нохчийн Республике а, Дагестане а схьабаийтира ларваларан медицинин гIирсаш.
Царна юкъахь яра: ларваларан комбинезонаш – 15 эзар; каранаш – 500 эзар; туьтмIаьжигаш – 50 эзар; бахилаш – 32 эзар; антибактериальни гIирсаш – 6 эзар; салфеткаш – 3,6 эзар; тесташ (IgM/igg) – 25 эзар.
Вайна гIо дарна баркалла олуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан чоьтах цига яхьийтира 50 тонна кхачанан сурсаташ (зIакардохнан а, уьстагIан а, бежанан а жижиг – 15 тонна, стоьмаш а, хасстоьмаш а – 25 тонна, моз – 10 тонна). Уьш дIадохьуьйтуш пайдаийцира Iаьрбийн махкара вайн республике а, Дагестане а медицинин гIирсаш беанчу хIаваакеманех.
Цигахь и сурсаташ оьшу аьлла дахьийтина дацара, ткъа ларам хилар а, доттагIалла а билгалдоккхуш дина гIуллакх дара.
АБУБАКАРОВ СУЛИМ, НУНАЕВА IАЛЕТ Интервью зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№49, асаран (июнь) беттан 26 де, 2020 шо