«Соьлжа-ГIала – Новосибирск» – керла авиамаршрут

ТӀебогӀучу беттан 13-чохь дуьйна схьайоьллуш ю керла авиамаршрут – «Соьлжа-ГӀала – Новосибирск». Оцу рейсехула кIиранах цкъа дIасагIур ду кема. Лелар ду «S7» авиакомпанин кеманаш.

Цул сов, оццу компанин кеманаш «Соьлжа-ГӀала – Москва» авиамаршрутехула дӀасалела а тарло.

Соьлжа-ГIалин аэропортана урхалла дечу «Вайнах Авиа» компанин коьртачу директора Шахгириев Iаьлвис билгалдаккхарехь, нохчийн «хӀаваан кевнийн» географи шоръяр чӀогӀа маьӀне ду, хӀунда аьлча, тӀедогӀучу шерашкахь республикин пачхьенехь йийр йолчу керлачу, кхузаманахьлерчу аэропортана уьш хьашт хир йолу дела.

«Муьлхха а тайпана кеманаш хьалагӀовтта а, охьаховша а аьтто болуш хир ю керла аэропорт. Шарахь 1,5 млн. пассажир дӀасавахийта ницкъ болуш хирг хилар а хууш ду. Цундела, керла аэропорт яллалц а ца Ӏаш, вай хьалххе дӀаболийна цунна авиамаршрутийн бух билларан болх», – дийцина цо.

Иштта, дагадоуьйту тӀебогӀучу баттахь «Соьлжа-ГӀала – Санкт-Петербург» авиамаршрут а болх бан йолалуш хилар. «Nordwind Airlines» авиакомпанин «Boeing 737» кема лелар ду оцу маршрутехула.

Кхуззахь хьахор вай Соьлжа-ГӀалин аэропорто Европе авиамаршрут схьаелларан декъехь белхаш дӀаболийна хилар а.

«Европерчу мехкашкахь 300 эзар гергга вайн къоман векалш бехаш хиларе терра, иштта авиамаршрут пайдехь хир яра аьлла, дог-ойла йолуш дӀаболийна болх бу иза», – довзийтина шена хетарг Шахгириев Ӏаьлвис.

И.ИСЛАМОВ
№50, асаран (июнь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: