Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан 16 шо кхаьчна. Оцу дерриге а шерашкахь цунна куьйгалла деш ю Кадырова Несин Аймани. Цунна цкъа дина ца Iа лаккхара совгIаташ. Оцу совгIаташна юкъахь ю Халкъийн доттагIаллин орден, Сийлахьчу Екатеринин I-чу даржан орден, Палестинин уггаре а лакхара совгIат – «Мукъадисан Седа» орден.

Оцу къинхетамечу организацин гIоьналлин комаьрша куьг дуьненан йиъе а маьIIе кхаьчна. Иза кхаьчначу пачхьалкхашна юкъахь ю Шема, Ливи, Герггарчу Малхбалера, Африкера, Азера иттаннаш кхийолу пачхьалкхаш.
Регионан юкъараллин фондо еккъа цхьана Шемахь 3 миллион сов стагана гIо-накъосталла дина. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, оцу шерашкахь Фондо 13 эзар гергга доьзалан хIусамийн хьелаш тодина. Финансашца – 6 миллиард гергга соьмаца – гIо дина 400 эзар сов стагана. Социальни гIо дина 2,5 миллион сов стагана. Фондо дIадаьхьна 15 эзар сов динан гIуллакхаш, ша вовшах а тухуш. Иштта, берашна лерина 25 эзар акци дIаяхьийтина.
Организацешна 1 миллион сов гIирсаш, белхан транспорт, кхиерг эцна. Юкъара барам 7 миллиард 20 миллион сом болуш, ахчанца гIо дина. То а йина, ян а йина 1 700 объект. Царна юкъахь ю школаш, дарбанаш даран учрежденеш, маьждигаш, хьафизийн, мутаIеламийн хьуьжарш.
«Фондо Iаламат боккхачу барамашкахь гIо даран гIуллакхаш дIахьош ду пандеми юкъаяьлчахьана дуьйна. Кхачанан сурсаташ делла 1 миллион 600 эзар стагана. ГIо дина Нохчийчоьнан, Россин кхечу субъектийн, дозанал арахьарчу пачхьалкхийн бахархошна. Ахчанца гIонакъосталла дина 50 эзар сов доьзална. Царна делларг 720 миллион сом сов ахча ду…», – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.
И гIо дар тахана а дIахьош ду.
№50, асаран (июнь) беттан 30 де, 2020 шо