ДарбанцIеношна энергица кхачояр кхин а толуш ду

«Россетан Къилбаседа Кавказ» цхьаьнакхетаралло урхалла дечу «Чеченэнерго» АО-н говзанчаша хIинца а дIахьош ду Нохчийн Республикерчу инфекцийн отделенеш йолчу дарбанцIеношна энергица кхачояран дикалла кхин а лакхара хилийтарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш.

Соьлжа-ГIалин электросетийн а, «Чеченэнерго» урхаллин электромонтажан бригадин а энергетикаша дIахIиттош бу энергица автономни кхачояран гIирсаш, царах дIахуттур ю Соьлжа-ГIаларчу кхаа дарбанцIийнера кислородан станцеш.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзанан тIедилларца и учрежденеш COVID-19 диагноз йолу дархой тIеэца кечйина ю.

«Республикин психоневрологин диспансерехь энергетикаша хIинцале дIахIоттийна нуьцкъалла 800 кВт йолу дизелан генератор, республикин реабилитацин туьшан шина корпусехь герггарчу хенахь дIахIоттор ю энерги яларан кхитIе а йолу установка», – элира Соьлжа-ГIалин ГЭС-н коьртачу инженера Магомаев Сулима.

№50, асаран (июнь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: