Итон-Кхаьллан кIоштахь – керла тIайш

Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца болийна Итон-Кхаьллан кIоштарчу лаьмнийн хишна – ЧIантийн-Органна а, Зумсойн-Эрканна а тIехула тIайш тахкаран белхаш чаккхене боьлхуш бу.

И белхаш дIабаьхьира республикин куьйгалло бекарг (март) беттан чаккхенехь вайн бахархой шайн чохь, цIахь совцаран къепе дIакхайкхийначу юкъанна.

КIоштан администрацин куьйгалхочо Алхастов Мовсара дийцарехь, тIайш тахкаран белхаш кхочушбина «Нохчийн Республикин 2019–2020-чуй шерашкахь некъаш кхиоран декъан» программехула «Спецдорстройн» белхалоша.

Ала деза, лаьмнийн ярташ – ЧIиннаха, Зумса, БугIара Итон-Кхаьллан кIоштаца а, ерриге а республикица а юзуш долу тIай дара Зумсойн-Эрканна тилла дезарг, – кхидIа а дуьйцу кIоштан куьйгалхочо. – ЧIантийн-Органна тIехула тIай долуш делахь а, доха герга даханера, ткъа иза Хьачара «доккхачу дуьненах» юзуш долу тIай хиларал сов, туристийн некъашна оьшуш а, «Ведучи» курорта тIебоьдучу некъан тIай а дара. Тахана гуш ду и белхаш доккхачу жоьпаллица а, йоккхачу эвсараллица а кхочушбина хилар. Оха, лаьмнийн кIоштан бахархоша, даггара баркалла боху тхан хьашташ тидаме эцначу республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, Дела реза хуьлда цунна! Иштта шаьш-шайн ца кхоош, даггара къахьегарца паччахьан тIедиллар йоццачу хенахь кхочушдинчу «Спецдорстройн» белхалошна а, Дала меле дуьллийла царна и!

ЧIантийн-Органна тIехула тIай тилла билгалйина меттиг мелла а бегIийла яра Зумсойн-Эрканна билгалйинчу метте хьаьжча. Кху некъаца цкъа хиллачун тидам боцуш юьсийла дацара, ша мел гомха делахь а, алссам меттиг чулаьцна, бердаш диъна, тайп-тайпана карсолаш даьхна Зумсойн-Эркан аьрха амал.

И бердаш тIедузуш, нисдеш, бIеннаш тоннашкахь жагIа-бетонца къовлуш къахьийгира белхалоша, цул тIаьхьа бен ца болийра тIай тилларан белхаш.

ЧIиннах юьртан администрацин куьйгалхочо Азимов АбусаьIида дийцарехь, дIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь Шовлахов Рашас тIай тиллинчу меттехь нисделла керла тIай.

2002-гIа шо доладаллалц лаьттира «Рашин тIай», – дуьйцу АбусаьIида, – кху лаьмнийн еа юьртара бахархой вовшашна тIебоьлхура цу тIай тIехула. БугIарара, Зумсара нах ЧIиннаха мехкадаьтта, бепиг, туьха эца богIура, кIошта, гIала баха безаш хилча, цу тIехула бовла безара. Юьртан маьждиге а, школе а, юьртсовете а цу тIай тIехула ваха везара. 2002-чу шарахь дистина деанчу хиэ дIадаьхьира и тIай. Кху 18 шарахь меттигерчу бахархоша йиначу мадарца чекхдевлла тхо. Ала деза, оцу гIуллакхан бала болуш, шайн ахчанца тIайна ши биргIа эцна, и дIаюьллуйтуш, цу тIехь ханна тIай дойтуш къахьийгира кхузарчу вахархочо ГIозин кIанта Израпов Сайд-Ахьмада а, иштта цхьана дикачу стага Идриса а. Дела реза хуьлда царна! Амма хIора бIаьста дистинчу хиэ и «тIай» дIатакхош, оха ГУДЭП-е а, цуьнан куьйгалхочуьнга Межиева Бирланте а орца доккхуш, хи чу кхетча, и «тIай» шен метте схьатакхош, бала хьоьгура. Шеко йоцуш, кху юьртана сагатдеш вара вайн республикин муфти Межидов Салахь-Хьаьжа а, цуьнан накъостий а. Иза дукхавезарна, цуьнца болчу ларамна вайн паччахьан къинхетаме бIаьрг хьаьжи кху юьрта. Тхайна диначу гIуллакхан мах хадон дош ца карочу оха, Деле доIанца воьху иза. Тхох Дала бинчу къинхетамна, шайн болх дика бевза белхалой а нисбели хIара тIайш тохкуш.

Лаьмнийн хишна тIехула тIайш тахкаран белхашна куьйгалла дечу Саадуев Iалавдис дийцарехь, карара асаран (июнь) бутт чекхболуш дина дер ду кIоштара ши тIай. Шеко йоццуш, лаьмнийн кIошт кхиарехь бIаьрла меттиг дIалоцур ю цара.

Итон-Кхаьлларчу а, ЧIиннахарчу а бахархоша тидаме эцна Iалавди а, цуьнан белхалой а болх дика, хаза, цIена, доггаха беш хилар.

Цул сов, нахаца дагадовлуш, царна новкъарло хуьлу-ца хуьлу хьажарца, гIиллакхца уьш чекхбовлуш хиларна тоьшалла до цара.

Цунах дерг шега хаьттича, иштта элира Iалавдис: – Тхо нехан хьашташ кхочушдеш хиларал сов, Дала меле лерина гIуллакх деш а ма ду, некъ тобеш, тIай туьллуш, муха хир ду нахаца шога? Иштта хила йиш яц тхан. Кху лаьмнашкарчу бахархойл а даккхийде тхо хIара гIуллакх дарехь тхайн дакъа хиларна. Тхуна болх хиларх, кхарна дахаран хьал ма ду хIара тIайш. Дала беркате дойла хIорш!

1977-чу шарахь гIишлошъяран лаккхара дешар чекхдаьккхинчул тIаьхьа, 2011-гIа шо кхаччалц, гIишлошъяран хьаьрмахь болх бина Саадуевс, ткъа оцу шарахь дуьйна вайн республикехь некъаш деш, тIайш тохкуш къахьоьгуш ву иза.

Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитахь вехачу цуьнан куьйгаллица иттех тIай тиллина вайн республикехь, царахь хьалхарниг ду Шелковски кIоштарчу Хаьнгиш-Юьртахь Терка тIехула тиллинарг, 264 метр деха ду тIай. Цул тIаьхьа Сесанахь, Курчалойхь, Янди-КIотарахь, ГаланчIоже боьдучу некъаца Бумтахь тиллина 3 тIай, ЧIишкарчу доккхачу тIай тIехь а цхьана шарахь болх бира кхуьнан белхалоша, хIинца – Итон-Кхаьллахь а, ЧIиннахахь а.

Царах хIора а, шен доьзалхо санна, хьоме ду Iалавдина, цундела девза цунна уьш дерриге а, дагахь лаьтта хIора а.

Дала цу декъехь кхин а алссам къахьега могашалла а лойла, аьтто а бойла Iалавдин а, цуьнан белхан накъостийн а!

Т.САРАЛИЕВА
№50, асаран (июнь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: