ЖаIу гила-борз мостагIашна тIелета

Полковникан Пиерин эскар Соьлжа хи йистехь ламанхоша эшоро карзахъяьккхира ерриге а Кавказ. Мансуран сий-ларам цкъа а ца хиллачу кепара лакхабелира. Нохчийчоьнан оьмарехь цкъа а хилла дацара ишттаниг.

ТIамехь баьккхинчу толамо имамана гIо дора халкъаш бусалба дине кхайкха, шариIат юкъадало. Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу ярташкара а, кIотаршкара а дуккха а адамаш оьхура Мансуран байракха кIел хIитта. Оцо цунна таро елира, Алдехь тIом хиллачул тIаьхьа ялх де даьлча, Кавказан чIагIонийн цхьамогIа гIаролашна кхиамца тIелатарш дан.

Делахь а, Шайх Мансур цунах тоам беш вацара. Къилбаседа Кавказера дерриге а халкъаш шен байракха кIел хIитто лууш вара иза. Имаман тешаме накъостий оцу Iалашонца Дагестане а, ГIалгIайчу а, ХIирийчу а, ГIебарта а, кхечанхьа а кхочу. Ерриге а Кавказехула имам Мансуран цIе дIасаяржаро ГIобанал дехьарчу халкъийн дог-ойла гIаттийра. Уьш къобалдеш бара Ушурмас маршонан байракх айбар.

Паччахьан администрацис билгалдоккхура ламанхоша Теркаца йолчу оьрсийн гIаьпнашна а, чIагIонашна а тIелетарш дар дIадолийна хилар а, уьш дика кечамбина деш тIелетарш хилар а. Уьш шайн ницкъ зуьйш а, чIагIонийн ондалла толлуш а деш тIелетарш дара.

Шайх Мансур, хьал теллинчул тIаьхьа, ГIизларна, Григориополисна, Буру-ГIалина, Каргински чIагIонна тIелата ойла йолуш вара. Оьрсийн агенташа хаамаш бора: «Имам гIаьпнийн хьаькамашка дIахьедарш дахьийта воллуш ву, шайн лаамехь гIаьпнаш дIа а тесна, Росси юхадерзар тIедожош».

Ша бохург ца дахь, царна дуьхьал ша тIом дIаболориг хилар а хоуьйтура Ушурмас.

Карзахалла тIеттIа яьржаш яра Нохчийчохь, Дагестанехь, Гебартахь. Мансуран эскар тIеттIа алсамдолуш дара. Дуккха а элий а, мехкадай а бара иза ГIизлар яккха воьдуш цуьнца хила лууш.

ГIизларара гIап Кавказерчу чIагIонашна юкъахь уггаре а доккха стратегин маьIна долуш яра. Оьрсийн гIаьпнех уггаре а шира йолу иза Къилбаседа Кавказ а, Росси а цхьаьнаюзуш йолу зIе яра. Кхузахула чекхболуш бара Кавказера чIагIонаш Аштаркханца юзуш болу некъ.

ГIизлар ерриге а Къилбаседа Кавказан административни а, экономикин а туш яра. Шеко йоццуш, цунна дара Мансур цунна тIелата а, иза схьаяккха а лууш хилар.

ГIизлар схьа а яьккхина, Къилбаседа Кавказаний Аштаркханний юккъехь йолу зIе хадо, делахь-хIета, Россиний Кавказаний юккъехь болу коьрта некъ дIакъовла дагахь вара имам.

1785-чу шеран аьхка ламанхоша дIадолийра гIопана тIелатар. Шайх Мансуран эскарна дуьххьара дуьхьал нисъелларг Каргински редут яра. ГIизларна пхи чаккхарма генахь яра иза.

Редут схьаяккхар атта гIуллакх хилла ца хиллера. Зеделларг долчу тIемалойх вовшахтоьхна йолчу редутан горнизоно атта юхадеттара ламанхойн тIелетарш. Дика кечйинчу чIагIонашна тIелетаран говзалла яцара ламанхойн.

Нийсса дуьхьал тIелетарх гIуллакх хирг цахиларх а, цо алссам адамаш дайарна тIедалон тарлуш хиларх а сихха кхеттачу Мансура шен четара чу кхайкхира командираш. Царна керла план йовзийтира. Яга тарлуш йолу массо а хIума гонахара схьа а лахьийна, редутана юххехь йоккха цIе латийра Имаман бIаьхоша.

Йовхо тIех Iаткъарна цIе летира гонахарчу дечигах йинчу гIишлонех. Марсаяьлла цIе редутан пенех хьаьрчира. Иза ларъеш болчеран цIе яйа хи эца меттиг яцара. Мансуран эскаро дIалаьцнера хи тIебоьду некъ. ЧIогIа хьоькхучу мехаша цIе дIасаяржийра.

Дукха хан ялале иза тIекхечира хIоъ-молха чохь долчу йоккхачу лармина. ТIаккха, хIоъ-молханца цхьаьна чIагIо иккхина ирхъяхара, иза ларъеш хиллачаьрца цхьаьна.

Ламанхоша масех стаг йийсар лецира, йиъ курпал схьаяьккхира. Шайх Мансуран эскаро нохчийн махкал арахьа Россин регулярни эскарна тIехь баьккхина дуьххьарлера толам бара иза.

Оцу кхиамо дог-ойла гIаттийна болу ламанхой, шайна юкъахь пхи эзар стаг а волуш, мангалан (июль) беттан 15-чу дийнахь ГIизларна герга бахара. ГIалахой чIогIа кхерабелла бара. Иштта яздо оцу хьолах лаьцна цуьнан теш хиллачу цхьамма: «Сурт Iаламат чIогIа ирча дара. Кхераделла бераш мохь хьоькхуш дара, зударий боьлхуш бара, хьере хилла, шаьш хIун дан деза ца хууш бара. Къоьжа къаной гIайгIане хьоьжура шайн доьзалшка, шайн сал-пал къайла бохуш. Дукхахберш, гIала оьрсийн эскаршка ларлург хиларх ца тешаш, Аштаркханан аренашка дIауьдуш бара».

ГIалагIазкхий суьйранна дIахьовсийнера гIаттамхочун эскарна дуьхьал. Шаьш новкъабовлуш цара вовшашна чIагIо йира шайн гIала, мохк ларбан а, «Терка чу аркъал иэга а» (аьлча а, ламанхой хил дехьа ца бовлуьйтуш, летта дала) нагахь санна «жаIуборз», иштта олура цара Мансурах, сацо аьтто ца балахь.

Буьйса ладоьгIуш дIаелира. Сатоссучу хенахь, гIелбелла бахархой набаро Iехийначу хенахь йоккха марха хилла, Теркал дехьа ченан кIур гIаьттира. Массанхьара а хезара: «БогIуш бу!».

ГIап егаелира, мохкбегийча санна, тIебогIу бохам хаабелча санна. Халкъан дог-ойла гIатто лууш оьрсийн а, эрмалойн а мозгIарш урамашкахула буьйлабелла лелаш бара, йир а лоькхуш, керстанашна а, гIопан пенашна а «деза» хи а детташ.

Хьере хилар а, кхерам а хаало массанхьа а. Беккъа салтий бар-кха бист ца хуьлуш, тIамна кечбелла, пенаш тIехь лаьтташ. Делкъа хенахь ГIизларна юххехь гучубевлира нохчий.

Хил сехьабовла буьйлабелира уьш. ГIалагIазкхаша царна дуьхьало йора шайга ма-ялло. Царах Iаламат дукха бара «аркъал Теркачу эгнарш».

Мансуран эскаран суьйранна аьтто белира тIамца хил дехьа дала. Фроштадтана гонаха йинчу гIопан кертана тIелатар дIадолийра. Ламанхой пхоьазза чухьаьвдира иза схьаяккха. Амма хIоразза а, яккхий тоьпаш етташ, кегий герзаш детташ совцабора уьш.

ПхоьалгIа тIелатар уггаре а къиза а, ирча а хилира. ТIеман ирс Имаман эскарехьа дирзина аьлла хетаделира. Цхьацца меттигашкахь пенаш тIе хьала бевллера цуьнан бIаьхой. ГIала ларъярхоша, кара герз эца ницкъ болуш мел верг тIаьххьарчу тIамна чухаьхкира.

Цхьана сахьтехь сов бахбелира и къиза тIом. ГIизлархошна чIогIа яхъеллера и хан. Iаржъелира. Эххар а, ламанхойн шаьш туп тоьхна хиллачу метте юхабовла дийзира.

ШолгIачу Iуьйранна, сатоссучу хенахь, Томански полкан салтий моггIара дIа а хIиттина, вотанаш а етташ, гIопан кевнех ара а бевлла, гIаттамхоша туп тоьхначу метте дIабуьйлабелира. Ламанхой цуьнга сатуьйсуш Iаш болуш санна хетаделира.

Мансура шен берриге а ницкъ оьрсийн полк йохорна тIехьажийра. Ламанхоша шайн тIелатар цхьана хенна еа а агIорхьара дIадолийра. Оцу хенахь коьрта лоручу тIеман теорина нийсса бIостанехьа дара цо динарг. Полкан тIемалой, нохчашна дуьхьало ян ницкъ а ца хилла, ког ма-боллу, хьалхара бевдда, гIопехь къайлабевлира.

Мангалан (июль) беттан 18-чу дийнахь Шайх Мансура шен эскаршна омра дира тIелетарш совцаде, ГIизларара юхадовла, аьлла. Иза сихха кхийтира шен эскарш дика чIагIйинчу гIаланашна а, гIаьпнашна а тIелата, уьш схьаяха кийча цахиларх.

Цунна оьшуш болу гIирсаш а, герзаш а дацара цуьнан. Уггаре а коьртаниг – зеделларг дацара. Иза кхеташ вара тIом цу тIехь чекхбериг цахиларх а, шен эскар лардинчун толаме сатуьйсийла хирг хиларх а. Имама эскаре буьйр дира лаьмнашкахь садаIа а, ницкъаш меттахIитто а юхадерза, аьлла. Ша Ушурма шен юьрта вахара.

1785-чу шеран мангалан беттан 29-чу Iуьйранна Шайх Мансура дIадолийра дукха хан йоццуш йинчу Григориополис гIопана тIелатар. ТIелатар деш болу ламанхой гIопана тIедоьлхуш долу некъаш дIакъовла хьаьвсира. Церан каракхечира талмажхочуьнга Цыганковга, шеца цхьаьна ворхI гIалагIазкхи а волуш, Буру-ГIала йохьуьйтуш хилла депеша.

ЧIагIонна цхьа чаккхарма генахь ламанхойн кара ца яха гIерташ, тобано сихдинна кхуьйсу герзаш хезна, подполковника Вредес гIонна хьажийра Хорунжи Павлов, шеца масех гIалагIазкхи а волуш. Амма Павловн а, Цыганковн а тобанаш йийсар лецира ламанхоша.

Дуьххьара тIелатар дешшехь Григориополис схьаяккха аьтто ца белира Мансуран бIаьхойн. ТIаккха, Каргински редут схьайоккхучу хенахь зеделлачух пайда а оьцуш, цара цIераш тесира чIагIонна гена доццуш хиллачу божалех, рагIунех, кхечу гIишлойх. КIуьра юккъехула гIопана тIелетира ламанхой.

Делахь а, гIап ларъеш болчара дукха хала юхатуьйхира и тIелатар. Шина дийнахь дукха къиза тIемаш бинехь а, гIаттамхойн гIап схьаяккха аьтто ца белира.

Цу тайппана, ГIизларна а, Григориополисна а тIелатар аьтто ца хуьлуш дирзинехь а, Каргински редут йохоро а, паччахьан регулярни эскаршна майрра тIелатаро а Алдера шайх боккха сий-ларам баре кхачийнера.

Цул хьалха Кавказехь цхьамма а дина дацара цо динарг. Цунна тIаьхьа а хIиттина, цIерга, хи чу лелха, паччахьан яккхийчу тоьпашна дуьхьал хIитта кийча бара ламанхой.

Имамана гонаха бара хIинца зеделларг долу бIаьхой, тIеман тхьамданаш. ЧIагIлуш дара имаман эскаран низам.

I.МУСАЕВ, юридически Iилманийн доктор
№50, асаран (июнь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: