«Дешар» къоман пректан «ХIора а беран аьтто» регионан проект тIехьажийна ю техникехула а, физкультурин-спортехула а, исбаьхьаллин-эстетикехула а, туристийн-мохкталларехула а, экологин-биологехула а долчу кхитIе а долчу дешаран туьшашкахь доьшуш долчу берашна юкъахь похIма долу бераш а, кегийрхой а билгалбахаран а, уьш кхиоран а белхашна.

Иштта, проекто таро лур ю жимачохь дуьйна берашна дукхаезаелла корматалла караерзо а, конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъалаца.
Цул сов, кхитIе а дешаран туьшашкахь билгалбевр бу хинболу говзанчаш.
«ХIора а беран аьтто» проектана юкъадогIу Нохчийчоьнан 5 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш, проценташка даьккхича 80 процент бераш, цул сов, могашалла ледара йолчу берех 70 процент бераш ду оцу проектана юкъадогIуш.
Оцу проектан гурашкахь вовшах а тоьхна дIахьош ю 6-чу классера 11-чу классе кхаччалц болчу дешархошна юкъахь «Хиндолче – билет» мероприяти.
Цигахь дакъалоцуш долчу берийн шайн-шайн электронни портфолиош хир ю белхаш юкъабохкуш.
Цул сов, хIора а берана лерина дешаран план а хир ю.
Иштта «ХIора а беран аьтто» проектехула дIахьош ю пачхьалкхан экономика йовзийтаран а, Iаморан а «ПроеКТОриЯ» онлайн-мероприяти.
Цигахь дакъалоцучу берийн аьтто хир бу экономикин хьелаш а, говзаллаш а йовза.
Хь.Ибрагимовн цIарахчу Соьлжа-ГIалин математикин школехь йолчу «Кванториум» технопарко а, «Вектор М1» кхитIе а дешаран туьшо а тIех хьекъал долчу берашца дIахьош къаьсттина болх бу.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос вовшахтоьхна «Олимп» республикин проект ю.
Оцу проекто республикин дешархой кечбийр бу Ерригроссин олимпиадашкахь дакъалаца.
Иштта, дешаран а, Iилманан а министерствон говзанчаш тешна бу «ХIора а беран аьтто» регионан проекто вайн берийн хаарш а, таронаш а кхин а алсамйохург хиларх.
ВЕГИЕВА Макка
№50, асаран (июнь) беттан 30 де, 2020 шо