Вайн республике варан а, кху чуьра араваларан а бакъонаш

Хууш ма-хиллара, дуьненахь коронавирусан инфекцин ун даржа доладелча, Нохчийчоьнан бахархой Ӏалашбаран Ӏалашонца, республикин куьйгалло сацам бинера дозанаш дӀакъовларан а, аэропортан а, аьчканекъийн вокзалийн а, Россин субъекташка лелачу автобусийн станцийн а болх сацоран хьокъехь.

Цуьнца нийса а догӀуш, республикехула, дозанашкахь лучу кехатийн тоьшаллашца, транзитан транспорт а, республики чу молханаш а, кхачанан сурсаташ а дохьуш йолу транспорт а бен дӀасаяха йиш йолуш яцара.

Цхьабакъду – тайп-тайпанчу бахьанашца дозанал арахьа нисбелла бахархой а бара чубахка йиш йолуш – шайна COVID-19 цахиларан тоьшалла цаьргахь делахь, 2 кӀиранах карантинан раж ларъян тӀе а дужуш.

Иштта хьал дара, «цӀеххьанчу хьелашна» оьшуш хилахь а аьлла, Москва лела дитинчу 1 кеманца богӀучаьрца а.

Республикин куьйгалло лакхахь хьахийна гӀулчаш шен хеннахь яьхна хиларх бахьана а долуш, коронавирусан инфекцица доьзна хьал дӀанисдала а, хьалха хиллачу хорша дерза а доладелла Нохчийчохь.

Чохь Ӏеран раж малъяран 1-ра а, 2-гӀа а, 3-гӀа мур а дӀакхайкхийна, бахархой, чуьра арабевлла ца Ӏаш, балха ара а бевлла.

Болх дӀаболийна Ӏедалан а, кхачанан а, культурин а, садаӀаран а, спортан а, туризман а хьукматаша. Цундела, республикин дозанашкахь долу хьал а малдан сацам хилла Нохчийн Республикин куьйгаллин – аэропортан болх шен рожехь дӀаболийна, герггарчу хенахь аьчканекъан вокзал а болх бан йолалур ю. Дуьсурш некъаш ду. Цигахь а хийцамаш бу. ХӀинцале а.

«Стаг цомгаш ву я вац 3 дийнахь къасталур ду. Нагахь могаш велахь, оьшуш дац иза карантинехь латтор», – иштта дӀахьедар дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Цо билгалдаьккхина могаш болу нах шина кӀиранах лаьттачу карантинехь латтор нийса цахилар.

«Дозанехь царна [республике богӀучарна] новкъарлонаш ян ца еза. Шайн а, вайн а могашаллин дуьхьа анализаш цара дӀаелча кхачаме ду. Коьртаниг уьш могаш хилар ду», – хаийтина Кадыров Рамзана.

Цуьнца нийса а догӀуш, республике богӀурш 2 кӀиранах лаьттачу карантине ховшор бац, нагахь санна цаьргахь:
– цамгар цахиларан тоьшалла делахь;
– коронавирусна антителаш хиларан тоьшалла делахь;
– Нохчийчохь дӀаеллачу тесто могаш хилар гайтаран тоьшалла делахь.

И лехамаш, цкъачунна, автомобилаца а, кеманца а Нохчийчу богӀучара цхьатерра кхочушбан безаш бу.

Республикера арабовлучарна цхьа а тоьшаллаш оьшуш дац.

И.ИСЛАМОВ
№51, мангалан (июль) беттан 4 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: