Ерриге а Россехь дIадаьхьира мехкан коьртачу законехь хийцамаш барехула кхаж тасар. Iаламат мехала долу и гIуллакх дIадахьарехь шайгара йоккха жигаралла гайтира вайн республикерчу харжамхоша.

Цо таро елира Нохчийчоьнна Россин регионашна юкъахь хьалхара меттиг яккха.
Протоколашка хьаьжна девлча, харжамийн коьртачу комиссина билгалделира харжамийн каппашка 95,14 процент харжамхойн баьхкина хилар. Вайн махкахь а уггаре а лакхара гайтам бу иза.
Соцсетехь йолчу шен агIонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана баркалла элира регионан бахархошна, республикин харжамийн комиссин куьйгаллина, территориальни а, каппийн а комиссийн берриге а белхахошна кхаж тасарехь жигара дакъалацарна, и гIуллакх тIехдика вовшахтохарна.
Иштта, цо Россин бахархой декъалбира Россин Федерацин Конституцехь хийцамаш барехьа кхаж тасар кхиамца чекхдаларца.
«Россин бахархоша шайгара йоккха жигаралла а, шайн кхетам а, низам а, патриотизм а гойтуш харжамийн каппашка а баьхкина, кхаж тесира нуьцкъалчу, хьалдолчу, кхиъначу махкехьа. Иза вайн харжам бу. Цо вайна тешам ло Россин социально-экономикин кхиоран таронаш алсамъевриг хиларна, дуккха а къаьмнех, динех лаьтташ долчу Россин халкъан цхьаалла чIагIлург хиларна, халкъийн ламасташ, культура, историн тIаьхьалонаш, хьал-бахам кхуьург хиларна. Вай кхин цкъа а массарна а дIагайти Росси а, халкъ а цхьаъ хилар. Вай цхьаьна хилар – бохалур боцу ницкъ!», – яздина Р.Кадыровс.
№51, мангалан (июль) беттан 4 де, 2020 шо