«Нохчо» ансамблан рогIера толам

Фольклоран хелхаран а, эшаран а пачхьалкхан «Нохчо» ансамбло Къаьмний культурийн а, искусствийн а «World Folk Vision» дуьненаюкъарчу фестиваль-конкурсехь толам баьккхина.

Дуьненаюкъарчу жюрис хьалххе онлайн рожехь бинчу харжамех чекхъелира коллектив. Жюрина юкъахь бара 80 пачхьалкхера бевзаш болу кинон а, театран а актераш, хелхарчаш, музыканташ, суьрташдахкархой.

Дуьненаюкъарчу фестиваль-конкурсан лаккхара совгIат къовсуш 115 пачхьалкхера 3 950 дакъалацархо вара. Хьовсархойн кхажтасаран шина муьрах чекх а яьлла, «Нохчо» ансамбло толам баьккхира.

«Нохчийн Республико кхажтасарехь дакъалаьцна ца Iаш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) «Культура йоцург къам дац» боху дешнаш лардеш схьайогIучу «Нохчо» ансамбло, хIокху вайн республикина а, пачхьалкхана а хала еанчу хенахь, доккха совгIат дина ерриге а Россина… Гуттар чIогIа тхуна тамехь ду иштта хаам вайн республикин Куьйгалхочуьнга, Россин Турпалхочуьнга Кадыров Рамзане дIахаийтар, вайн регионан культурин гIо лоцуш волчу, ерриге а кхоллараллин коллективашна вайн республика лаккхарчу тIегIанехь гайта аьтто беш волчу», – яздина Инстаграмерчу шен агIонехь культурин министра Дааев Хож-Баудис.

Дагадаийта лаьа, Къаьмийн культурийн а, искусствийн а дуьненаюкъара фестиваль-конкурс – иза модин, хелхаран, эшаран, музыкин гIирсаш лакхаран дуьненаюкъара йоккха проект хилар.

Цуьнан коьрта Iалашо ю халкъашна юкъара доттагIаллин зIенаш чIагIъяр а, культурин, искусствон дакъошкахь дуьненан къаьмнашка цхьаьна къахьегийтар а.

Л.ДАУТОВА
№51, мангалан (июль) беттан 4 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: