«Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочушъяран гурашкахь хIокху шарахь Нохчийчуьра 86,7 километр автомобилийн некъаш дикачу хьоле дерзор ду.

Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствехь хаам бина ма-хиллара къоман проектана юкъайогIу регионан ши проект: «Некъийн сеть», «Некъан бахам кхиоран юкъарчу системин гIуллакхаш».
«Некъийн сеть» проектан гурашкахь карарчу шарахь билгалдеш ду регионан некъаш тодаран белхаш дIабахьар.
Соьлжа-ГIалахь тобийр бу юкъара йохалла 50 километр йолу 42 урам, Устрада-ГIалахь – юкъара йохалла 14,4 километр йолу 21 урам, кIошташкахь – юкъара йохалла 22,4 километр йолу некъаш.
Таханлерчу денна Соьлжа-ГIалахь 18 объектехь белхаш чекхбаьхна. Бисина белхаш чекхбохур бу эсаран (октябрь) бутт чекхбалале.
ХIара шо чекхдалале дина дер ду Соьлжа хи тIехула тиллина Соьлжа-ГIалара керла тIай.
Бинчу барташца нийса а догIуш, Устрада-ГIалахь некъаш тодаран белхаш хIокху шеран бекарг (март) баттахь дIаболийра, уьш хенал хьалха чекхбаьхна.
Урамашка суьрташ дахаран, видео-тергонан пхиъ стационарни камера хIоттийна. Уьш маьлхан батарейшца болх беш ю. Цу тайпанаш республикехь кхин цхьана а меттехь яц.
Хь.САИДОВ
№57, мангалан (июль) беттан 25 де, 2020 шо