М.В.Ломоносовн цIарах йолчу МГУ-н пачхьалкхан администрированин Лаккхара школо (ВШГА МГУ) хьалхарчу апрелехь дуьйна 15-гIа июль кхаччалц дIахьош ю «Даймехкан зовкхан дуьхьа» конкурс. Цуьнан Iалашо ю пачхьалкхан гIуллакхехь болх беш болу уггаре а говза, кхиаран таронаш йолу корматаллин говзанчаш гучубахар а, шайн корматаллица догIу тоьлла дешар цаьрга карадарзадайтарна кхачояр а.
Конкурсан коьрта декхарш ду:
– пачхьалкхан гIуллакхан сий-ларам лакхабаккхар;
– ВУЗ-ш чекхъяьхначарах тхьамданан амалш йолчеран, шен корматаллин таронех пайдаэца луучеран, пачхьалкхан гIуллакхехь хиларна оьшу дешар деша луучеран гIолацар;
– пачхьалкхан гIуллакхехь а, пачхьалкхан компанешкахь а кхиамца болх баран зеделларг а, лаккхара дешар дешна а болчу пачхьалкхан (секторан) декъан куьйгалхойн а, говзанчийн а гIолацар;
– конкурсан толамхой «Государственное администрирования» аьлла йолчу лерринчу магистерски программица М.В.Ломоносовн цIарахчу МГУ-н пачхьалкхан администрированин Лаккхарчу школехь Iаморах ахча далар.
Конкурсана ахчанца кхачо йо социальни инновацийн «Вольное Дело» фондан чоьтах.
МГУ-н ВШГА-хь «Государственное администрирования» программица деша (бакъо) грант йоккхуш, конкурсехь толам баьккхинчо карадерзор ду пачхьалкхан администрированин, экономикин, бакъонийн теоретически хаарш цуьнца цхьаьна, белхан зеделларг а IаIор ду. Цунна уьш оьшур ду федеральни а, региональни а тIегIанашкахь пачхьалкхан Iедалан органашкахь, пачхьалкхан а, муниципальни а предприятешкахь, учрежденешкахь, кхечанхьа корматаллехь кхиарехь, даржашкахь лакхаваларехь.
Конкурсан хьокъехь болу буьззина хаам бовза аьтто хир бу МГУ-н ВШГА-н сайта тIехь, кху адресца www.anspa.ru. Конкурсехь дакъалацарна заявкаш дIаоьцу Конкурсан интернет-сайтехь: konkurs @ mail.anspa.ru.тел. (495)510–52–05; факс: (495)510–52–32.
шот, 30 май, 2015 шо, № 59