Карара шо чекхдалале 100 доьзална керла петарш лур ю Устрада-ГӀалахь.

Къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программа кхочушъярца а догӀуш, керлачу петарш чу дӀакхелхар ву 372 стаг – билггал аьлча, чохь Ӏен кхераме йолчу хӀусамашкара 100 доьзал – Устрада-ГӀалин а, Грозненски а, Гуьмсан а, Невран а кӀоштийн бахархой.
Билгалдаккха догӀу и болх республикехь хенал хьалха беш хилар, хӀунда аьлча, лакхахь хьахийначу 100 доьзална, петарш, программин гурашкахь, 2021-чу шарахь бен йогӀуш яцара.
Иштта, тидамза дита йиш яц оцу балхана 99 процент финансировани ХӀусамийн-коммунальни бахам цӀинбарехь гӀо даран декъерчу фондо йина хилар: республикин бюджете федерацин 157 млн. сом билгалдаьккхинера.
Цул сов, 2025-гӀа шо кхаччалц бан лерина болх а чекхбаккха лерина тӀедогӀучу шарахь – цуьнца нийса а догӀуш, 2 427 стаг а дӀакхалхор ду керлачу петаршка.
Республикехь и белхаш дӀахьош ю ГӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерство.
И.АДАМОВ
№58, мангалан (июль) беттан 29 де, 2020 шо