Къоман «Культура» проект кхочушъяран гурашкахь Итон-Кхаьлларчу кIоштахь чекхдолуш ду меттигера культурин цIенна капитальни ремонт яр: тхов хийцар, гIишло арахьара а, чоьхьара а битаме ялор, гонахара меттигаш хазъеш-тояр.
КIоштан культурин цIийнехь гIуллакх деш хир ю берийн музыкин школа. 55 меттигана лерина ю зал.
Оьшуш долчуьнца кхачойина культурин кхерчана.
№58, мангалан (июль) беттан 29 де, 2020 шо