Кху шарахь Теркан кIоштахь чекхдаьккхина къоман «Экология» проектан «ЦIена хи» программица 37,6 километр йохалла йолчу хинбиргIанна реконструкци яр. Федеральни бюджетера оцу Iалашонна къастийна 139 миллион соьмал сов ахча.

Цигахь биргIанаш чIогIа ширъелла хиларна буьззинчу барамехь хица кхачойойла ца хуьлура. Объектехь коьрта белхаш дIадаханчу шарахь 80 процентана кхочушбира. Ткъа стохка даза дисинарг кху шарахь чекх а даьккхира.
– Карарчу шарахь кIоштахь балхана юкъаялийна 6 юьртана хица кхачоен йолу магистралан хинбиргIа. Къоман проектан чоьтах муниципалитетехь дIахIоттийна 1 эзар кубометрана а, 3 эзар кубометрана а лерина йолу хи IаIоран 2 резервуар. Иштта керлачу гIирсашца хийцина технологин ширбелла гIирсаш, дIахIоттийна хи цIандаран гIирсаш. Оцу гIуллакхаша таро хилийтина бахархошна хица кхачояр дикка тодан, – дийцира НР-н гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Адаев Рамзана.
Тахана хица кхачояр тодарна тIехьажийна белхаш дIахьош бу Соьлжа-ГIалахь а, Устрада гIалахь а: гIишлошъяран-меттахIитторан белхаш дIаболийна 5 объектехь.
2022-чу шарна тIекхочуш цIеначу молучу хица кхачойийр ю 50 эзар сов стагана. Оцу гIуллакхашна 99 процент ахча федеральни бюджетера луш ду.
№58, мангалан (июль) беттан 29 де, 2020 шо