Чохь Iен хIусамаш яран программа кхочушъярна Россин Правительствос кху шарахь федеральни бюджетера кхитIе а ахча къастон долчу 20 регионна юкъахь ю Нохчийн Республика а. Вайна билгалдина 1021956,4 эзар сом ахча.

Республико Россин гIишлошъяран министерстве еллачу заявкица нийса а догIуш, цхьана миллиардал сов долчу оцу ахчанах кху шарахь регионо пайдаоьцур бу «Стимул» программица билгалдина гIуллакхаш дарна.
Ша аьлча, социальни кхо объект ярна хьажор ду иза. Шо чекхдалале буьззинчу барамехь цунах пайдаэцна хила декхар а ду.
– Регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллина декхар кхочуш а деш, «Стимул» программица кхитIе къастийна ахча УстрадаГIалахь, хIоранна чохь 720 меттиг йолу ши школа а, 140 меттигана лерина берийн беш а ярна лур ду. ХIара шо чекхдалале болх бан а юьйлалур ю уьш. Карарчу хенахь ведомствос деш долчу гIуллакхаша таро хуьлуьйтур ю кхитIе а 73,5 эзар квадратни метр хIусамаш гIуллакхна юкъаяло, – хаамбира ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман аминистра Зайпуллаев Муслима.
Дагадаийта луур ду Соьлжа-ГIалахь, Курчалойхь, Теркан кIоштарчу ЧIуьлга-Юьртахь, Шуьйтан кIоштарчу Бекум-Кхаьллахь кхочушъеш хиллачу «Стимул» программица дина гIуллакхаш хенал хьалха чекхдаьхна хилар.
Кху шарахь программа кхочушъярна федеральни бюджетера регионна къастийра 713 миллион соьмал сов ахча.
№58, мангалан (июль) беттан 29 де, 2020 шо