Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан доьзало а муха тIелаьцна Iамаркан Пачхьалкхан департаменто шайна кхайкхийна санкцеш?! Оцу хаттарна цара дуьззина жоьпаш делира «Россия 1» телеканалана шаьш еллачу интервьюхь.

И интервью, цхьа а шеко йоцуш, резонансан нисъеллера. Цундела дара иза «Россия 1» телеканала тIехь гайтина ца Ӏаш, «Грозный» НПТРК-н а, «Вайнах» ПТРК-н а эфирашкахь гайтар.
Терроризмаца долу хьал дуьйцуш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира кхин цхьа хӀума а – Ӏамарк Герггарчу Малхбалехь терроризмаца ларош цахилар.
«ОвгӀанехь а, Ливехь а, церан бехк болуш, хӀора а дийнахь нах бойу. Изза хьал Шемахь а, Иракъехь а ду. Мила ву оцу хӀуман да?», – тӀетуьйхира республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзан хилла ца Iаш, цуьнан доьзал а, цӀийнан векалш а бара лакхахь хьахийначу интервьюхь дакъалоцуш а, Ӏамаркан санкцийн хьокъехь шайн дог-ойланаш а, хетарш а довзуьйтуш а. Царах цхьаъ Къилбаседа-Кавказан федеральни округан Ӏеламнехан Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хожа-Ахьмад вара.
«Механа хӀумма а йораха яцара цо дагаяхкийтина Ӏамаркан политикин тӀаьхьалонаш. «Миллионашкахь нах мухӀажарш бевлла. Уьш уьдуш бу «Ӏамаркан политиках». Оццу политико дохийна дийнна мехкаш», – элира цо.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а дуьхьал Ӏамаркан Пачхьалкхан департаменто кхайкхийначу санкцийн хьокъехь шена хетарг модин «Firdaws» цӀийнан креативан директора, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун йоӀа Кадырова Ӏайшата а довзийтира.
«ХӀинца дийца хӀунда долийна цара иза, республикехь машар а, кхиар а долчу хенахь? Мичахь бара уьш хӀинццалц, террористаш вайх леташ болчу хенахь?! Суна дага ма догӀу сайн дененан а, ненан а бӀаьрхиш. Суна дага ма догӀу сан деда Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, сан да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а белхан гIуллакхашца араваьлла вахча, уьш юхабоьрзур бу-бац ца хууш, сагатдар. Цу хенахь хӀунда бацара уьш (Ӏамаркахой) адамийн бакъонаш юьйцуш?», – билгалдаьккхира Iайшата.
И.ИСЛАМОВ
№58, мангалан (июль) беттан 29 де, 2020 шо