Нохчийн Республикин медицинин учрежденешкара лоьраш Москва гIалин Коммунарка поселкерчу №40 йолчу ГIалин клиникин больницехь, цуьнан коьртачу лоьраца Проценко Денисаца хьалххе бинчу бартаца цхьаьна а догIуш, коронавирусан ун долчу дархошна дарбадаран кхузаманан кепаш Iамош, говзалла лакхайоккхуш бу.

Царна юкъахь ву Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон медицинин дикаллин гIодаран отделан хьаькам Хатаев Ризван, М.Т.Индербиевн цIарахчу ТIеман ветеранийн республикин клиникин госпиталан а, цунна тIечIагIйинчу COVID-туьшан а коьрта лор Индербиев Тимур, COVID-19 цамгар йолчарна дарба дан кечйинчу республикерчу медицинин учрежденийн цхьамогIа реаниматологаш а, инфекционисташ а.
Хьалхарчу дийнахь нохчийн лоьраш цхьаьнакхийтира Д.Проценкоца, цул тIаьхьа уьш «цIечу зонехь» хилира, меттигерчу лоьраша дархошна хIун дарба до а, ун долчу дархойн протоколаш лелоран кепаш муха ю а хьаьвсира.
Масех дийнахь дIахьур бу цара пачхьалкхан коьртачу COVID-туьшан лоьрашца вовшийн зеделларг довзийтаран болх.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Э.Сулеймановс дийцарехь, «царна цигахь Iемина йолу керлачу кепех пайдаоьцур бу вайн республикерчу коронавирусан ун долчу дархошна дарба дарехь».
Л.РАГИМОВА
№58, мангалан (июль) беттан 29 де, 2020 шо