Дукха хан йоццуш Пермь гIалахь дIаяьхьира К–1 декъехь кикбоксингехула Россехь хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара мехкан тайп-тайпанчу регионашкара 500 спортсмен. Царна юкъахь Нохчийн Республикера латархой а бара.
ДегIан йозалла 54 кийла йолчу категорехь леташ волу Пасхаев Хьамид финале велира. Чемпионатан коьртачу латарехь Цуьнан тасавала дийзира Алтайски крайра волчу Пилюгин Андрейца. ЖамI 3:0 долуш, толам баьккхира нохчичо.
ДегIан йозалла 57 кийла йолчу спортсменашна юкъахь Пасхаев Бувайсар шена кхин хало ца еш финале велира. Амма чемпионатан коьртачу латарехь ийшира иза.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь йоьзан мидалш ехира Аюбов Iабдала а (57 кг), Каимов Адама а (54 кг).
А.Мусаевн пхоьалгIа толам
23-чу майхь Москва гIалахь «OPLOT Challenge 110» цIе йолчу ийначу кепийн латаран турнирехь дакъалецира Нохчийчохь дика вевзаш волчу спортсмена Мусаев Асланбека. Оцу къийсадаларшкахь нохчичун лата дийзира США-чу Камар Гаспарца.
Цхьаьнакхетар хьалхарчу миноташкахь дуьйна хIума тоха йолайира Мусаев Асланбека шен «довхочунна».
Вайн спортсменна цхьа раунд а ца ийшира толам баккха. Иштта цо куьг лазош йолу прием ярца эшийра Гаспар Камар.
Билгалдаккха лаьа, Мусаев Асланбекан и толам корматаллин новкъахь пхоьалгIа хилла хилар.
«Терек-2» командин лакхенехьа г1улчаш
ШолгIачу дивизионан командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 29-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек-2» команда Владикавказехь цхьаьнакхийтира меттигерчу «Аланияца».
Матч йолаелла пхи минот ялале хьешаша счет схьайиллира. Билгалваьлларг вара Абдурашидов Сайха. Цул тIаьхьа дикка кхерамаш тийсира къоначу соьлжагIалахоша, амма счет хийца ца луш садаIа бахара футболисташ. ШолгIа тайм юккъейоьдучу хенахь майданан дайн шолгIа а дог дохийра хьешаша. «Аланиян» кевна чу гол туьйхира Янарсаевс Аслана. Матч чекхъялале цхьа буьрка юха туьйхира меттигерчу футболисташа. Иштта, жамI 2:1 долуш, хьошалгIахь баьккхира «Терек-2» командо.
А.АБДУЛАЕВ
шот, 30 май, 2015 шо, № 59