А.Делимханов: Кегийрхой, ларъяйша нохчийн къоман цӀе!

Наркотикан а, психотропан а молханаш мийларца гучу а бевлла, Москвара цӀабалийначу кегийрхошца а, церан гергарчаьрца а Соьлжа-ГӀалахь къамел хилира Россин Пачхьалкхан думин депутатан Делимханов Адаман а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министран Алханов Русланан а, Ӏеламнехан а.

Шен къамелехь депутата билгалдаьккхира оцу кегийрхоша лелийнарг а, цаьргара дийлинарш а нохчашкахь догӀуш цахиларал сов, дийнна халкъана тӀе «ӀиндагӀ» дожош а хилар.

«Шен дин а, шен къам а, шен мохк а ларбеш, лата а, вала а веза. Амма я лата а, я вала а ца веза молханаш (наркотикаш) а, хӀун ю а ца хуу соьмаш а бахьанехь-м. Иштта мегаш а дац я иштта хӀуманаш шуьга а, кхечаьрга а лела а дойтур дац, шу Москвахь а, Питерехь а, Хабаровскехь а, миччанхьа хилча а», – хаийтира цо.

КхидӀа Делимханов Адама дийцира нохчийн кегийрхоша цӀахь а, Россин кхийолчу субъекташкахь а шайн гӀуллакх даро а, болх-некъ лахаро а юьхькӀам беш хилар.

Делахь а, цунна хетарехь, шайн гӀуллакх а, болх-некъ а лелочарна вуочу агӀор тIеӀаткъам хуьлу цхьаболчу нохчийн кегийрхоша шайн вуон цӀе яккхийтича, шайгара ледарло ялийтича я наркотикаш а, психотропан а хӀуманаш лелийча.

«Тхо – шун а, шу тхан а ду. Цхьаъ ду вай. Динца а цхьаъ ду вай, махкаца а цхьаъ ду вай, къомаца а цхьаъ ду вай. Тахана вай лелош йолу «нохчий» цӀе вайн дайша мел хала яьккхина а, ларйина а ю. Цундела, ас дехар до шуьга, ларъяйша вайн къоман цӀе! ХӀинцца ма-дара иза, хӀокху махкахь машар а, къепе а хилийтархьама бохуш, шайн хьалхаваьлла Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а волуш, эзарнашэзарнашкахь вайн вежарий кхелхаш хилла мур. Ма сиха дицдина вай иза. Ойла яйша!», – аьлла, кост а деш дерзийра Пачхьалкхан Думин депутата шен къамел.

КхидӀа къамел динчу Ӏеламнаха билгалдаьккхира, кегийрхоша хӀинццалц лелийнарг я динца а, я нохчаллица а, я законаца а догӀуш ца хиллехь а, республикин куьйгалло а, дай-наноша а шайх сагатдарх «Ӏехабелла» а, уьш нислург хиларна дог-йовхо хилар.

ТӀейогӀучу ханна, Москвара цӀабалийначу оцу кегийрхоша, шайн-шайн кӀошташкарчу полицин белхахоша терго а еш, махкана а, халкъана а пайдехь болу юкъараллин белхаш бийр бу.

Лакхахь билгал ма-даккхара, циггахь хиллачу оцу кегийрхойн гергарчара баркаллаш бехира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, хӀунда аьлча, цо дакъалацар бахьана долуш, и кегийрхой, законаца догӀуш мел долу кехаташ а нисдина, цӀаберзор а, шайн хакъдоллу гӀуда Даймахкахь такхар а церан нисделла дела.

Къамелаш деш мел хиллачара цхьабосса билгалдоккхура Нохчийн Республикин куьйгаллин Ӏалашо и кегийнах сийсазбахар я юьхьӀаьржа хӀиттор а йоцуш, шаьш хаьржинчу харц-некъан тӀаьхьалонах уьш ларбар хилар.

И.АДАМОВ
№60, хьаьттан (август) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: