«Забег.РФ» ахмарафон – Соьлжа-ГӀалахь а

Соьлжа-ГIалахь хIокху беттан 2-чу дийнахь Ерригроссин «Забег.РФ» ахмарафон хилира. Диъ декъе екъна яра иза: 1) 10 км вадар; 2) 5 км вадар; 3) къовсамехь 21,1 км вадар; 4) гайтаман кепара 1 520 м вадар.

Ахмарафонехь 260 сов стага дакъалецира, шайх уггаре а жиманиг 18 шо долуш а волуш.

«Дружба народов» майданера дӀабуьйлабелла, А.Ш.Кадыровн цӀарахчу майдане кхаччалц, тӀехь #МыСемьяКРА хештег йолу гата а дохьуш, некъ бира ахмарафонан дакъалацархоша а, кегийрхойн боламийн векалша а.

Толамхошна совгӀаташ дӀадаларехь дакъалецира Нохчийн Республикин вице-премьера В.Усмаевс а, Физически культурин а, спортан а министра Хь.Кадыровс а.

СовгӀаташна юкъахь А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Юкъараллин фондан цӀарах ахчанаш а, ахмарафонан спонсоршкара мехала совгӀаташ а дара.

Толамхой иштта бекъабелира: – къовсамехь 21,1 км вадарехь 1-ра меттиг яьккхира Ю.Новиковс, 2-гIа меттиг – Р.Генаевс, 3-гIа меттиг – Х.Мусаевс. – 10 км вадар: 1-ра меттиг яьккхира Д.Шуруповс, 2-гIа меттиг – Б.Чекеновс, 3-гIа меттиг – А.Хизриевс. – 5 км вадар: 1-ра меттиг яьккхира – М.Исраиловс, 2-гIа меттиг Ф.Зайтамировс, 3-гIа меттиг – М.Долгуевс.

№60, хьаьттан (август) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: