ГӀиргӀизойчоьнна – коронавирусца къийсам латторехь гӀо-орца

Коронавирусан пандемица къийсам латторна доккха гӀонакъосталла дина Нохчийчоьно Юккъерчу Азерчу махкана – ГӀиргӀизойчоьнна.

Оцу махка дахьийтина гӀо-орца 50 млн ₽-н барамехь ду, СИЗ-н гӀирсех лаьтташ а ду: комбинезонаш, туьтмӀаьжигаш, куьзганаш, каранаш, молханаш, и.дӀ.кх.а.

А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Юкъараллин фондан куьйгалло Нохчийчуьра эпидемиологин хьал толуш хиларца а, СИЗ-н гӀирсаш алссам хиларца а доьзна бинера ГӀиргӀизойчоьнна гӀонакъосталла даран хьокъехь болу сацам.

Изза билгалдаьккхина Россин Федерацехь волчу ГӀиргӀизойчоьнан векале Джекшенкулов Аликбеке дахьийтинчу кехатехь а.

№60, хьаьттан (август) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: