«Новая газетана», Нохчийн Республиках лаьцна аьшпаш язбарна, ахчанан гӀуда тоха тарло.
Соьмашка даьккхича, 1 млн ₽ сов такхар тӀедожа тарлуш хьал ду оцу газетана, хӀунда аьлча, цунна дуьхьал дӀахьош 4 гӀуллакх ду.
И гӀуллакхаш суьде кхачар В.Ширяевн «Свистать всех наверх» (салташлахь COVID-19 яржарх) а, Е.Милашинан (Нохчийн Республикин цхьана кӀоштахь коронавирусца доьзначу хьолах) а статьяшца доьзна ду.
Билгадоккху хьалхара статья дӀаяьккхина а, шолгӀаниг, Роскомнадзоран тӀедилларца а догӀуш, къайлаяьккхина а хилар.
№60, хьаьттан (август) беттан 5 де, 2020 шо