Нохчийчохь Россин Правительствон председателан заместитель хилира

Россин Правительствон Председателан заместитель, Россин Федерацин Президентан В.Путинан Генара-Малхбале федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Трутнев Юрий белхан гIуллакхашца Нохчийн Республикехь хилира.

Къилбаседа Кавказан социальни-экономикин гIуллакха тIехь терго еш волчу вице-премьера шен болх Къилбаседа-Кавказан федеральни округан туристийн курортах цхьаъ йолчу, Итон-Кхаьллан кIоштарчу берригемуьрийн туристийн-садаIаран «Ведучи» комплексехь хиларца дIаболийра.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца Трутнев Юрий курортана юкъадогIучу хьешацIийнехь а, хостелехь а, сервисан туьшахь а, байкпаркехь а хилира.

Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима а, республикин туризман министра Байтазиев Муслима а, «Къилбаседа Кавказан курорташ» АО-н генеральни директора Тимижев Хьасана а курортах лаьцна а, сервисах лаьцна а дийцира.

Курортан инфраструктура евзинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана хьешана Итон-Кхаьллан Iаламан хазалла йовзийтира, иштта, Харачойн-Ахк хи юххерчу хьуьн чу 40 гергга сай а дIахийцира.

Нохчийн Республика тIеман кIуьрлара а яьккхина, юьззинчу бакъонашца Россин Федерацин субъект ярна шен дахар дIаделлачу, Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) коша тIе зерате хIоьттира Трутнев Юрий.

Ахьмад-Хьаьжа ас лоруш стаг вара, хIинца а лору. Цуьнан доьналлех воккхавуьй со. Оццул чIогIа кегарий хиллачу, мила бакъ ву, мила харц ву ца хуучу хенахь, шен къам а, мохк а хIаллакьхуьлучуьра кIелхьарабаккха доьналла а, майралла а хилира цуьнан. Цо бинчу нийсачу харжаман заза ду республико даьккхинарг. Ткъа, хьо, Ахьмадан Рамзан, хьан дас дIаболийначу некъа тIехь доггаха къахьоьгуш хилар гуш ду, – элира Трутнев Юрийс.

Цул тIаьхьа, уьш Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» комплексехь а, Гуьмсерчу «Ахмат» Ичигеги академехь а, «ТК ЮгАгроХолдинг» ООН-н филиалехь а, меттигерчу фермашкахь а хилира.

Ю.Трутневс республикин промышленностан, туризман, юьртабахаман, спортан объекташкахь шена гиначун а, девзинчун а лаккхара мах хадийра. Делахь а, йоццачу хенахь кхачамбацарш билгал а даьхна федеральни центре дIадахкийтар тIедиллира.

Республикин экономикин а, туризман а хьал теллинчул тIаьхьа, Трутнев Юрийс социальни-экономика а, туризм а кхиоран гIуллакхашкахула кхеташо дIаяьхьира.

Кхеташонехь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, регионан Правительствон декъашхоша, Россин Федерацин экономика кхиоран министертвон векалша, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалалла.

Ю.Трутневс билгалдаьккхира ша Нохчийчу варан коьрта Iалашо регионан социальни-экономика а, туризм а кхиорехь Федеральни Правительствера оьшуш долу гIо-накъосталла билгалдаккхар а, кхидIа цхьаьна болх дIабахьар а хилар.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Трутнев Юрийна вай долчу варна а, регионан экономика кхиорехь уггаре а оьшучунна тIехь гIо-накъосталла дар тIелацарна а баркалла элира.

ВЕГИЕВА Макка
№61, хьаьттан (август) беттан 8 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: