Май беттан 28-чу дийнахь вина де ду Нохчийн Республикин халкъан артистан Эльмурзаев Бекин.
«Даймохк» газетан редакцин коллективо хьайн дахаран 79-чу бIаьстенца даггара декъалво хьо. Халкъан музыкальни искусство ларъярна а, кхиорна а юкъайиллина йоккха хазна ю хьан кхолларалла. Шерашка къар ца войтуш, тахана а жигара дакъалоцу ахь республикин культурин а, юкъараллин а дахарехь.
Винчу денца хьо декъалвеш, даггара лаьа хьайн доьзалийн а, бевза-безарийн а вуон ца гуш, Дала кхин а дуккха а шерашкахь могаш-маьрша хьо вахавойла!
«Даймохк» газетан редакцин коллектив
шот, 30 май, 2015 шо, № 59