НР-н могашаллаӀалашъяран министерствона – медицинин «МИ-8» беркема

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, Нохчийн Республикин МогашаллаӀалашъяран министерствона медицинин «МИ-8 АМТ» беркема делла.

«ХӀинццалц хилла а йоцчу нохчийн санитарин авиацин мур дӀаболабелла хӀинца дуьйна», – аьлла, билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Беркема кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш ду: ИВЛ а, дефибриллятор а, кислород а, хӀинцца дуьнен чу девллачу берашна лерина «ботт», беркема тIехь мел болчу гӀирсашна 6 сохьтехь ток латторан мотор, и.дӀ.кх.а.

Хиъна Ӏаш 5 а, Ӏуьллуш волу 4 а дархо Дона-тӀера-Ростове а, Аштаркхне а, Ставрополе а дӀакхачо аьтто болуш ду иза.

Оцу авиацехь болх бийр болу нохчийн говзанчаш Санкт-Петербургехь а, Москвахь а Ӏамийна бу.

«ХӀинца республикин шен санитарин авиацин беркема а, кеманхой а, инженераш а, лоьраш а бу. Дала дархой мелла а кӀезиг хуьлийтийла вайн!», – билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

№61, хьаьттан (август) беттан 8 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: