Нохчийн Республикин туризман гӀуллакхашкахула волчу министра М.Байтазиевс билгалдаккхарехь, 2019-чу шарахь кхечу мехкашкара туристаш бахкарца шолгӀачу меттигехь ю Нохчийчоь Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь.

Проценташка диллича, 2019-чу шарахь туризман а, экскурсийн а Ӏалашонца хьеший бахкар 50,2 процент алсамдаьлла, билггал аьлча, 220 558 стаг а вогӀуш (2018-чу шарахь – 146 670 стаг).
Царах кхечу мехкашкара 6 208 турист веана, 2018-чу шарца дуьстича (5 928 стаг), 4,7 процент алсам.
Цул сов, буьйсанаш а йохуш богӀучу туристийн терахь а 37,6 процентана алсамдаьлла: 2018-чу шарахь – 71 414 стаг, 2019-чу шарахь – 98 236 стаг.
№61, хьаьттан (август) беттан 8 де, 2020 шо